Прокуратурин органаш мелла а жигара а, эвсаре а болх бан юьйлаелла тIаьхьарчу хенахь. ХIинццалц, вер-ваккхарца а, кхаьънаш эцарца а, некъан бахамаш хиларца а доьзна гIуллакхаш цара тIехдукха лелош хиллехь а, карарчу хенахь хийцамаш бу оцу декъехь хаалуш – шайн белхан декхарш, болх кхачам боллуш цабечарна «кочаиэха» буьйлабелла прокуратурин белхахой.
Царах цхьа масал ду пачхьенан Октябрьски кIоштан прокуратуро довзийтинарг.
ДIадаханчу шеран товбецан (сентябрь) баттахь бина таллам уголовно-кхочушдаран инспекцис набахти чу а ца бухкуш жоьпе озийначеран хьолан а, арахь якхха шайна тоьхна хан цара «такхаран» а хьокъехь болу федеральни законодательствон лехамаш кхочушбарца боьзна бара.
Цигахь билгалдаьллера законодательствон лехамаш кхочушбеш цахилар: арахь хан яккхарца жоьпе озийначаьрца кхетош-кхиоран болх дIабахьар; жоьпе озийначеран кехаташна юкъахь кхиэл кхочушъяран хьокъехь справкаш хилар; жоьпе озийначара шайн хIусамашкахь хан яккхар таллар; и.дI.кх.а.
Цуьнца нийса а догIуш, Соьлжа-ГIалин Октябрьски кIоштан прокуратуро довзийтина и хьал ТаIзарш кхочушдаран федеральни службин республикехула йолчу Урхаллин УИИ-н хьаькамна.
Прокуратуро бина хаам тидаме а оьцуш, УИИ-н хьаькама къобалдина шен белхан декхарш а, федеральни законодательствон лехамаш а кхачам боллуш кхочушбар тесна дитина волу белхахо жоьпе озор.
И.АДАМОВ
№6, кхолламан (январь) беттан 24 де, 2020 шо