«Дато бухIа» / НР-н Интеллектуальни туьшан хIорашеран совгIат дIадаларна лерина XVI-гIа даздарш

«Нохчийн Республикин Интеллектуальни туш» регионан юкъараллин организацин хIорашеран совгIаташ дIадаларан вовшахтохараллин комитето хьашто йолчу юкъараллин а, пачхьалкхан а организацешка, учрежденешка, дешаран заведенешка, кхоллараллин союзашка, адамашка хаам бо Нохчийн Республикин Интеллектуальни Туьшан лауреатан совгIат даккхарехь йолчу конкурсе заявкаш дIаэца йолийна хиларан хьокъехь.

Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан совгIатийн хьокъехь долчу хьелашца нийса а догIуш, лауреаташ билгалбохур бу хIокху номинацешкахь: «Декхарна тешаме хиларна», «Iилма», «Дешар», «Литература», «Искусство», «МогашаллаIалашъяр», «Синъорамаш», «Шеран хьехархо», «Журналистика», «Къона интеллектуал».

«Декхарна тешаме хиларна» номинацехь конкурсан дакъалацархо хила тарло Россин Федерацин дIакъасто йиш йоцу дакъа хиларе терра, Нохчийн Республика кхиорна гIо деш волу цуьнан дозанал арахьа Iаш болчу интеллектуалех цхьаъ.

Нохчийн Республикин Интеллектульни туьшан совгIаташ до нохчийн юкъаралла социальни, экономикин кхиорехь, ийманехь чIагIъярехь дикка кхиамаш баьхначу Iилманан, дешаран искусствон, литературин, могашалла Iалашъяран векалшна, юкъараллин, пачхьалкхан, политикин гIуллакххошна.

Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан хIорашеран совгIаташ дIадаларна лерина даздарш дIахьур ду 2020-чу шеран чиллин (февраль) беттан 29-чу дийнахь.

Конкурсан дакъалацархой хьалхататтаран заявкаш а, документаш а схьаоьцу 2020-чу шеран чиллин (февраль) беттан 5-гIа де тIекхаччалц хIокху адресца: Соьлжа-ГIала, Олимпийски проезд, ур. Киевски, 33, Нохчийн Республикин Интеллектуальни туш. ЗIенан телефон: – 8(928)735–30–50, e-mail: 7353050@mail.ru.

Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан совгIат даккхарехьа йолчу конкурсехь дакъалацарна оьшуш долу документаш:
1. Стаг хьалхатоттучу организацин мухIарца а, куьйгалхочун куьйгаца а чIагIдина протокол.
2. Автобиографи.
3. Характеристика-магор, хьалхатоттуш волчу кандидатан кхиамаш, хьуьнарш билгалдохуш.
4. Электронни гIирсехь босболу сурт.
5. «Iилма», «Дешар», «Литература», «Журналистика», «Къона интеллектуал» номинацешкахь конкурсехь дакъалоцуш болчара зорбатоьхначу шайн белхийн цIерш язъян еза, уьш зорбатоьхна хан билгал а йоккхуш.

Вовшахтохараллин КОМИТЕТ
№6, кхолламан (январь) беттан 24 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: