Африкерчу Претория университетан векал хилира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь

ХIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан Iилманан а, дуьненаюкъарчу белхан а декъехула волу проректор Арсалиев Шавади цхьаьнакхийтира Къилба Африкин Республикера латархойн ассоциацин президент а, Претория университетан паргIатчу кепара охьатохархлатарехула йолчу вовшахтоьхначу командин менеджер а волчу Готцер Герхардца.

Иштта, оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан физически культурин а, спортан а факультетан декан Элипханов Салман, университетан спортан дисциплинин кафедрин заведующи Дунаев Рамзан, ткъа иштта, Нохчийн пачхьалкхан университетан аспирантурехь доьшуш йолу Къилба Африкин Республикин яхархо Мод Смит Элис а. Цу хьокъехь хаам бина университетан пресс-службо.

Цхьаьнакхетарехь дийцаре дина Къилба Африкера студенташа Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь дешаран гIуллакх а.

Африкера студенташ паргIатчу кепара охьатохархлатаран говзанчаш хила Iемаш бу вайн университетехь.

Африкерчу а, Нохчийн Республикерчу а университеташна юкъахь дешаран-тренировкийн мероприятеш дIаяхьарх дерг а хьахийра цигахь.

Африкерчу хьешо билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь паргIатчу кепара охьатохархлатархой кечбар лаккхарчу тIегIанехь хилар.

Вайн республикехь доьшуш болчу шайн студенташца Къилба Африкин Республикин паргIатчу кепара охьатохархлатаран спорт кхиориг хиларх ша тешна хилар а хаийтира цо.

З.ШАЛИЕВА
№6, кхолламан (январь) беттан 24 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: