Гуьмсан культурин учрежденешкахь хилира Дааев Хож-Бауди

Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди Гумс гIалин культурин учрежденешкахь хилира, оцу учрежденийн балхах а, хьолах а дерг ган а, довза а лаам болуш.

Къаьсттина Гуьмсан гIалин библиотекин болх бара цунна талла лиънарг, хIунда аьлча, Гуьмсера гIалин библиотека хIокху 2020-чу шарахь Россин Федерацин культурин министерствон гIоьнца кхузаманан модельни библиотекин хотIе ерзош йоккха проект кхочушъян лерина.

«Бибилиотекин коллектив хаза, бертахь, къахьоьгуш ю. Уьш хьакъ а бу шайн терго ян. Библиотекин куьйгаллица оха дийцаре дира библиотекин хьелаш кхин а тодархьама дан деза гIуллакхаш. И дерриге а библиотекин ешархойн аьтто хилийтаран Iалашонца деш ду», – билгалдаьккхина Дааев Хож-Баудис.

Герггарчу хенахь библиотекин куц хийцалург хиларх а, хьелаш тоьлла хирг хиларх а тешна ву Культурин министр.

З.ЯХЪЯЕВА
№6, кхолламан (январь) беттан 24 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: