Спортан медицинин стационар схьайиллина

Соьлжа-ГIаларчу лоьрийн-физкультурин диспансерехь спортсменашна медицинин реабилитаци ян лерина стационар схьайиллина. Иза схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министра Ханариков Мусас а, могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана а.

Социальни сеташкахь йолчу шен агIонехь Э.Сулеймановс билгалдоккху: «Медицинин реабилитацин стационарехь лазийначу а, сиркхо йолчу а спортсменашна дарба лелор ду, цул сов, тренировкашкахь тIех ницкъ хиллачу спортсменашна реабилитаци а йийр ю. Цунна юкъадогIу: аппаратан физиотерапин а, бальнеологин а, дарбанан гимнастикин а, массажан а дакъош».

Соьлжа-ГIалин лоьрийн-физкультурин диспансеран коьртачу лоьро Мовлаев Бекхана схьайиллинчу отделенехула экскурси яйтира хьешашка. Отделенехь кечдинчу хьелашна реза хилира уьш.

Иштта, хIара санна йолу медицинин реабилитаци яран отделени схьаелларо лоьрийн-физкультурин диспансеран таронаш а совъяьхна, ткъа иза кIезиг хIума дац спорт кхиор коьртачу Iалашонех цхьаъ лоруш схьайогIучу регионан дахарехь. Вайн спортсменийн таро ю шайна оьшуш йолчу медицинин реабилитаци ярх пайдаэца, дарба леладайта, – билгалдаьккхира М.Ханариковс.

З.ЦЕНТОРОЕВА
№6, кхолламан (январь) беттан 24 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: