Нохчийчоьнан жовхIар хилла дIахIуттур ю ГаланчIож

ГаланчIожан кIоштахь дIахьочу гIишлошъяран-меттахIитторан а, некъаш дахкаран а белхашка а хьожуш, хIокху деношкахь оцу кIоштахь хилира Нохчийн Республикин Парламентан спикер Даудов Мохьмад.

Архивера сурт / ГаланчIожан кIошт

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дIадолорца, кхузахь, ГаланчIожан кIоштахь, меттахIиттош ю ярташ. Халкъ махкахь доккхучу 1944-чу шарахь а, XX-чу бIешеран чаккхенехь хиллачу тIемийн муьрехь а кхузара охьабаханчу бахархошна хьалабахка а, Iен а оьшуш долу хьелаш ду кхуллуш, – билгалдаьккхира цо.

Цо дагадаийтира карара шо, ГаланчIожан кIошташ шо хилла ца Iаш, Туризман шо а ду аьлла, Кадыров Рамзана дIакхайкхийна хилар.

Цуьнан гурашкахь оцу кIоштахь меттахIитто болош бу историн маьIна долу хIолламаш – тIеман бIаьвнаш а, маьлхийн кешнаш а, и.дI.кх.а.

Iаламат хаза Iалам долуш меттиг ю ГаланчIожан кIошт. МеттахIитторан а, гIишлошъяран а белхаш чекхбевллачул тIаьхьа, цхьа а шеко йоцуш, республикин бахархой а, хьеший а дийнна шарахь (муьлххачу а муьрехь – авт.) хьалабахка йиш йолуш хир ю хIара кIошт, – элира Парламентан спикера.

Иштта, меттахIоттош а, шорбеш а, тобеш а болчу автомобилийн «Буммат – Ялхара – Роьшни-Чу» некъе а хьаьжира иза. Иза 97 километр йохалла а йолуш, респубикин 3 кIошт (Эна-Хишкан, ГаланчIожан, Хьалха-Мартан) вовшашца юзуш болу некъ бу.

Чаккхенехь, оцу кIоштахь белхаш бечу белхалошна баркалла а олуш, Даудов Мохьмада хаийтира ГаланчIожан кIошт вайн мехкан жовхIар хилла дIахIуттург хиларх ша тешна хилар.

И.ИСЛАМОВ
№7, кхолламан (январь) беттан 28 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: