Республикерчу дешархойн барам алсамболуш бу. Цуьнца доьзна Нохчийчоьнан куьйгалло боккха тидам тIебохуьйту царна школашца кхачо ярна. Керла школаш йо, йолуш ерш, таронашка хьаьжжина, шорйо. Иштта, хIокху деношкахь керла школа ян бух биллина Хоси-Юьртахь.
Цигахь 360 дешархочунна лерина керла школа ян бечу буха юккъе капсула йилларехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Вайн республикехь а санна, Хоси-Юьртахь а хаалуш ду юкъарадешаран учрежденеш цатоар. Керла школа ярца дIадер ду дешархойн кхаа сменехь деша а, бегIийлаш цахилар а.
Керла школа ян дуьйлалуш ду вай. Дуьйцийла йоццуш, Хоси-Юьртан бахархошна иза башха хилам бу. Юьртахь хаалуш ду республикехь доллу сурт – сихха кхуьуш бу бахархойн барам. Оцу хьоло хьалхахIиттадо керла декхарш. Коьртачу декъана къамел ду школаш ярх лаьцна. И гIишло болх бан йолаялийтаро таро хуьлуьйтур ю Хоси-Юьртарчу школашкахь йолу гатто дIаяккха. Школа яран болх 1-чу сентябрехь чекхбаккха билгалдеш ду», – элира Р.Кадыровс.
Цул тIаьхьа Р.Кадыровс куьг яздира тIекхуьучу чкъоьрнашка болчу кхайкхамна. И кхайкхам тIехь болу капсула еш йолчу школин буха юккъе йиллира цо.
Школа ян бух буьллучохь дакъалецира иштта Нохчийн Республикин 1еламнехан Кхеташонан председатела Кадыров Хожа-Ахьмада, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Даудов Мохьмада, республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, официальни кхечу наха.
Хоси-Юьртахь болх беш ши школа ю, и шиъ цхьа эзар гергга берана лерина ю. Карарчу дешаран шарахь цигахь доьшуш дара ши эзар бер. Шина а школехь дешар чекхдоккхуш ву 97 дешархо. Ткъа дешаран керлачу шарахь – 1-чу сентябрехь школашкахь хьалхарчу классе гIур ду кхузза гергга алсам бераш.
Школашкахь бераш тIеэца йолчу таронел алсам уьш хиларна цигахь кхаа сменехь деша дуьйладала дийзира. ТIаьххьара горгали бекначул тIаьхьа Хоси-Юьртахь дешархойн дай-наноша Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане дийхира керла школа яр. ТIаккха и г1уллакх шен караийцира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Региональни юкъараллин фондан куьйгалло. Керла гIишло ян йолийна ширъелла, йохар бахьана долуш кхо шо хьалха дIакъевлина хилла школа хиллачу меттехь.
С.ЛАЛАЕВ
еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58