Нохчийн культурин тIаьхьалонийн денош – Шарджехь

Нохчийн Республикин культурин денош дIадаьхьира Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь. Iаьрбийн культурин гIала ларалучу Шарджехь дIахьош яра «Нохчийн культурин тIаьхьалонийн денош – Шарджехь» мероприяти.

Нохчийн пачхьалкхан фольклоран иллийн а, хелхарийн а «Нохчо» ансамблан артисташа а, I.Шахбулатовн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан филармонин солисташа а, концертан программа гайтацарца дIадолийра культурин денош.

Цигахь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Хакимов Хьасан, республикин Культурин министр Дааев Хож-Бауди, республикин Туризман министр Байтазиев Муслим, Курчалойн кIоштан администрацин куьйгалхо Кадыров Хьамзат, иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Iаьрбийн а, бусалбанийн а пачхьалкхашкахь волу векал Даудов Турко, Шарджан тIаьхьалонийн институтан директор Доктор IабдулIазиз Аль Мусалам, Шардж Эмиратан культурин министерствон векалш.

Нохчийн говзанчийн белхийн гайтам дIабаьхьира цигахь: хьовсархойн кхиэле ехкина яра гипсах, поппарх йина кхийра пхьегIаш; музыкин гIирсаш; къоман духарш; тIулгах, дечигах, аьнгалех, туьтех йина хIуманаш; аьчках йина хIуманаш; истангаш; дашон а, датон а хIуманаш, иштта дуккха а кхиерш. Нохчийн даарш а дара цигахь.

Хьовсархошна мастер-классаш а елира нохчийн говзанчаша: пхьераша а, суртдиллархоша а, куьйгаговзанчаша а.

Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2020-гIа шо Нохчийчохь Туризман шо ду аьлла, дIакхайкхийна.

Иза тидаме а эцна, Нохчийн Республикин туризман министерствон векалша Iаьрбашна Нохчийчоьнан туризман меттигаш йовзуьйтуш стендаш кечйинера.

Цул сов, Нохчийчоьнан туризман министр Байтазиев Муслима меттигерчу туризман векалшца цхьамогIа цхьаьнакхетарш дIадаьхьира.

Шарджехь нохчаша шайн культура йовзийтаран денош дIахьош дуй хиъна, Хонкарарчу а, Иорданерчу а нохчаша а дакъалецира цигахь. Царна боккха кхаъ хилира цунах.

Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди цхьаьнакхийтира Шарджан Эмиратан культурин министраца Iабдул аль-Увейсаца.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Iаьрбийн пачхьалкхашца дика гергарло хиларна, тхан аьтто хилира, ворхI Эмиратах культурин пачхье ларалучу Шарджехь нохчийн халкъан культура йовзийтаран денош дIадахьа. ТIейогIучу хенахь, кхечу гIаланашкахь а, иштта, мероприятеш дIаяхьа дагахь ду тхо. ХIокху масех дийнахь, дуккха а адам деара концерташка а, гайтаме а, меттигера бахархой хилла а ца Iаш, туристаш а бара царна юкъахь. Царна чIогIа хазахийтира вайн къоман культурин тIаьхьалонаш а, иллеш а, хелхарш а. Нохчийчу бахка лаам кхоллабелларш а хаалора, – элира Дааев Хож-Баудис.

ВЕГИЕВА Макка
№7, кхолламан (январь) беттан 28 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: