Книгийн палата схьайиллина Нохчийчохь

А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь Къилбаседа-Кавказан федеральни округан Коммерцин йоцу автономин «Къилбаседа Кавказан книгийн палата» организацин хьалхара учредительни конференци хилира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн а, Дагестанан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а, ГIебартойн-Балкхаройн а республикийн книгийн издательствийн векалша.

Конференцехь дийцаре дира мехкан книгийн культурица доьзна гIуллакхаш. ТIекхуьучу чкъурана книгаш марзъяр а, книгаш езачу нахана уьш эца а, дIакхачо а некъаш аттачу дахар а ду керла кхоьллинчу Книгийн палатин декхарех цхьадерш.

Къилбаседа-Кавказан федеральни округан регионашкахь книгийн юкъара туьканаш схьаелла езаш хиларх а, ткъа иштта, книгийн гайтамаш дIабахьа безаш хиларх а дийцира.

Коммерцин йоцчу автономин «Къилбаседа Кавказан книгийн палата» организаци 2019-чу шарахь кхоьллина Нохчийн Республикин книгийн издательствон директоран Матаев Анзоран дIадолорца.

З.ХИЗИРОВА
№7, кхолламан (январь) беттан 28 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: