Дукха хан йоццуш Москвахь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолу Россин чемпионат. Цигахь дакъалоцуш бара вайн республикера «Ахмат» латархойн клубан спортсменаш.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.
Финалехь, шен йозаллин категорехь, хьалхара меттиг яьккхира Лабазанов ИбрахIима (63 кг).
Оцу кхиаме вайн спортсмен кхачийнарш бу, иза Iамийна тренерш: А.Макаев, В.Байалиев, Ш.Вараев.
Толамхо билгалваьккхира кубкаца, мидалца, Сийлаллин грамотица.
З.ШИШХАНОВА
№7, кхолламан (январь) беттан 28 де, 2020 шо