Iаламо шен исбаьхьалла комаьрша схьагайтинчу лаьмнийн тогIешкахь а, аьрцнашкахь а, басешкахь а дIатаръеллачарах ю Шуьйтан а, Итон-Кхаьллан а, Шаройн а районаш. Оцу районашкахь бехачу ламанхойн дахаран хьелаш бегIийла, аьхна хилийтарехь дуккха а гIуллакхаш дина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Иза кест-кеста кхочу цига. Iамайо и районаш кхиоран таронаш. Иштта, хIокху деношкахь а хилира иза оцу районашкахь. ХIинца цуьнан цига вахаран коьрта Iалашо яра кхузахь жима а, юккъера а бизнес, ахархойн-фермерийн бахамаш кхиоран декъехь ша хьалхахIиттийна мехала декхарш кхочушдар муха ду хьажар.
Цуьнца цхьаьна вара вайн махкахь дика вевзаш волу бизнесмен Байсаров Руслан. Хууш ма-хиллара, иза «Ведучи» фирмин куьйгалхо а, кхузахь дIахьош болчу Iаламат баккхийчу белхашна тIехь урхалла деш а ву. Республикин Куьйгалхочунна лиира муьлххачу муьрехь а лаьмнашкахь (лыжанаш) когасалазаш хахкаран «Ведучи» комплекс яр муха дIадоьдуш ду хьажа. Р.Байсаровс цуьнга аьлла ма-хиллара, дукхах йолу гIишлошъяр дIахьош ду. Сихачу боларшца буьллуш бу комплексана тIебоьдуш болу некъ. Цо дуьйцург тIечIагIдеш дара бIаьргашна хьалха хIуьттуш долу суьрташ.
Баккъал а, тIаьхьарчу шерашкахь чIогIа хийцаделла Шуьйтан, Итон-Кхаьллан, Шаройн районашкара хьал, бахархойн Iер-дахар. Цунах лаьцна Кадыров Рамзана инстаграмехь йолчу шен агIон тIехь цигара цIавирзича иштта яздира: «Лаьмнашкара районаш кхиоран гIуллакхашна къаьсттина тидам тIебохуьйту оха. Цо таро елла хьалха тесна лаьттина кIотарш, ярташ денъян, царна чу «садаийта». ХIинца лаьмнийн ярташкахь школаш, берийн бошмаш ю, дарбанашлелоран кхерчаш ду, газ, электросерло, хи ду. Дика некъаш ду…
Кхузахь дуккха а гIуллакхаш дина юкъара дIадовлуш долу дийнаташ, акхарой дебийтарна оьшу хьелаш кхолларехь. Тахана лаьмнашкахь алссам акха гезарий, черчий, берзалой ю. Тахана воккхаве лаьмнашкахула лелаш. Тийна, маьрша, хаза ду, дуккха а туристаш а бу».
ЦIена бакъдерг ду иза. Кхана, Дала мукъ лахь, кхин а хаза хир ду. Вай цунах теша. ХIунда аьлча Нохчийчоьнан Куьйгалхо, цуьнан тешаме команда оцу Iалашонца дийнахь а, буса а къахьоьгуш ю, районийн Iедалшна хьалха керл-керла декхарш ду хIиттош.
Д.ХУСЕЙНОВ
еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58