Республикехь Къоман парк кхолларан гIуллакх Правительствон декъашхошца дийцаре дира министрийн кабинетан куьйгалхочо Хучиев Муслима. Цунна «Даймохк» цIе туьллур йолуш ю.

«Республикин лаьмнийн кIошташкахь кхуллур йолуш ю къоман парк – Iалашдечу Iаламан майда. Цо 20 эзар гектар гергга меттиг дIалоцур ю. Парк кхолларо аьтто бийр бу ораматийн а, дийнатийн а биологин башхаллаш Iалашъян а, садаIарна а, туризмана а хьелаш кхолла а», – хаийтина Хучиев Муслима.
Цо билгалдаккхарехь, Iаламан а, культурин а, архитектурин а тIаьхьалонаш дукха йолуш мохк бу Нохчийчоь, делахь а, тIаьхьарчу шина тIамо доккха зен дина махкарчу ораматашна а, дийнаташна а.
«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен тергонехь латтош ду Iалам а, дийнаташ а, ораматаш а Iалашдаран гIуллакх. Таханлерчу дийнахь республикехь пачхьалкхан 9 заказник а, Iаламан 40 сов хIоллам а бу. Цара дIалоцург 200 гектар гергга майда ю», – дийцира премьер-министра.
Кхеташонан чаккхенехь цо тIедиллира Нохчийн Республикехь Къоман парк кхолларан хьокъехь Россин Федерацин Iаламан тIаьхьалонийн а, экологин а министерстве дахьийта кехат кечдар.
И.ИСЛАМОВ
№8, кхолламан (январь) беттан 31 де, 2020 шо