Вайн къомах профессор, доктор МазхІаран воІ Мухьедийн

Мухьедийн зІенашкахула говзанча ву. 1948-чу шарахь Шемарчу Алкъунетра шахьарахь вина иза. ДегІастанара хІижрат динарг цуьнан деда Алкхо хилла. Алкхо пхьарчхойн тайпанах хилла, Дагестанерчу Пхьарчхошка юьртара араваьлла Туркойчу (хIинцалера Хонкара) дIакхелхина иза 1865-чу шарахь.

Шена кхераме цамгар кхетар бахьана долуш, шен кIант Іела чергазийн цхьана доьзалца цхьаьна Шемарчу Алкъунетра цІе йолчу шахьара дІавахийтина цо 1875-чу шарахь.

Іела цигахь ваха хиъна, шен доьзал а болийна. Оцу Iелин воІ хилла МазхІар цІе йолуш. Ткъа хІинца ас шуна вовзуьйтуш волу Мухьедийн оцу МазхIаран кIант ву.

Мухьедийна юккъера школа чекхъяьккхина Алкъунетра шахьарахь 1967-чу шарахь. Цу хенахь чІогІа боккха тІом баьлла (иккхина) Шемина а, Израилна а юкъахь, хІетахь Мухьедийна дакъа а лаьцна цигахь.

Оцу шахьарахь нохчий цхьана кІоштахь бехаш хилла, Дагестанан кІошт олу цунах. И кІошт йиллинарш нохчий бу, амма цунах Дагестанан (ДегІастан) кІошт хІунда олу аьлча, тхан дай цигара схьабаьхкина дела.

ХІетахь Іедало а, наха а шайга шу мичара даьхкина аьлла, хаьттича, вайн дайша – «Тхо ДегІастанара даьхкина», – олуш хилла. И бахьанехь Дагестанан/ДегІастан кІошт олу цунах. Цу кІоштахь нохчаша цхьа маьждиг а динера.

Бакъду, и ирча тІом бахьанехь нохчашна а дукха зенаш хилла. Шайн кІошт а яьгна, маьждиг а доьхна хилар бахьанехь, цигара ара а бевлла, коьртачу шахьара – Димашкхе – дIабахана берриге а нохчий.

Цул тIаьхьа Мухьедийн Димашкхехь деша волавелла. Инженерин-механикин колледжехь электрозIенан факультет кхиамца чекхъяьккхина цо. Цу кеппара, шен классехь (курс) уггаре а лакхара жамІ долуш, 1973-чу шарахь дешна ваьлла иза.

Кхиамца колледж чекхъяьккхина кIант Советийн Союзе хьажийна магистратурехь деша. Киеверчу политехникин институтехь автоматикин а, телеурхаллин а факультет кхиамца чекх а яьккхина, (юкъараллина тIехь терго латторан зIенан каналан специализацица) механикан говзалла караерзийна Мухьедийна.

Цул тІаьхьа, 1979-чу шарахь, оццу Киевехь хьесапдаран институтехь (математический институт) лаккхара диплом даьккхина цо, инженерин математика кара а ерзош.

Кхин а ши шо даьлча, 1981-чу шарахь, хаамийн теори а, кибернетика а караерзош, Кибернетикин институт чекхъяьккхина цо («Разработка и исследование технических средств передачи информации автоматизированной системы контроля состояния атмосферы промышленных центров» темина лерина хилла цуьнан Iилманан болх).

Доьшуш волчу хенахь а, дешна ваьллачул тIаьхьа а шен говзаллехула тайптайпанчу меттигашкахь белхаш бина Мухьедийна: «Касиун» хаамийн агентствехь а, Шемарчу хаамийн министерствехь а (цигахь хаамийн туьшан куьйгалхо хІоттийна а хилла и 1973-чу шарахь), цул тІаьхьа (Киевехь дешна ваьлла Шема юхавеача) промышленностан министерствехь электричествон а, электроникин а коьртачу тушахь а (1981-чу шарахь), и.дI.кх.а.

Цул тІаьхьа Шемарчу прикладни Іилманийн а, технологийн а лаккхарчу институтехь дешна Мухьедийна. Цигахь докторан а, профессоран а дарже а кхаьчна иза.

Кхо шо хан ю цо циггахь коммуникацийн Іилма хьоьхуш, оцу декъехь талламаш бечарна куьйгалла деш. Шема махкахь масех университетехь дешаран кеп дІахIоттош а, зеделлачу Іилманчийн тоба кхуллуш а дакъалаьцна цо.

Дукха мехала гІуллакхаш дина Мухьедийна университеташкахь. Лаккхарчу барамерчу гуламашкахь дакъалаьцна, дуккха а Iилманан, талламан статьяш язйина газеташкахь, журналашкахь.

Мухьедийна «ЗІе а, хаамийн теори а» цIе йолу цхьа жайна арадаьккхира 2000-чу шарахь Димашкхан университетехь. Шемарчу цхьана юкъараллина информатикин дошам язъеш гІо а дина цо.

Карарчу хенахь, лакхахь билгалъяьккхинчу лаккхарчу институтана лерина, «Хаамийн къепе» цІе йолу жайна кечдеш ву иза. Мухьедийнана биъ мотт хаьа: нохчийн, Iаьрбийн, ингалсийн, оьрсийн.

Тахана а Шемин коьртачу шахьарахь вехаш ву иза, университетехь Iилма а хьоьхуш.

ЖАБРАИЛ Мажед
№8, кхолламан (январь) беттан 31 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: