1785-чу шарахь Кавказехь сардалалла дар юкъадаьккхинчул тIаьхьа, инарла Потемкинна керла декхарш тIедохкуш указ арадаьккхира. Указехь, кхидолчуьнца цхьаьна, билгалъяьккхина яра Кавказ Россин олаллина кIелаерзоран план.
И план паччахьа хIоттийна яра. Иза коьртачу кхаа декъах (пунктах) лаьтташ яра:
Хьалхарчу декъаца нийса а догIуш, Царицынера Кавказерчу чIагIонийн зилана тIекхаччалц а, цунна тIера Черкасске кхаччалц а почтан ков-керташ ян езаш яра, некъашца нах баха охьаховшор дIадоло дезаш а дара, хIора 15–30 чаккхарма дIа мел ели почтин станцеш а йохкуш.
Ярташна гонаха, саьнгарш йохуш, чIагIонаш е аьлла дара, «Цигара адамаш, шайн лаамехь хилар дитина доцу, халкъаш цIеххьана тIелатарх лардархьама».
ШолгIачу декъехь билгалдоккхура: «Черкасскиний, чIагIонийн зиланий юккъехь гIала йилла еза, «хан-зама яларца, бахархой алсамбевлча, уезд цунна юкъаяха а тарло. Колонисташна, пособи санна, хIоранна шишша туьма ахча дала деза».
Ткъа кхоалгIачу декъехь тIедожадора тIаьхьалоне баьхна салтий оцу ярташка охьаховшабар, царна хазнера тайп-тайпана пособеш а луш, кхидолу гIо а деш. Оцу кхайкхамах а тешна Кавказан чIагIонийн зиле Россин тайптайпанчу меттигашкара схьакхелхинарг божарех 23 175 стаг вара. Царна юкъахь дукхахберш Курскера, Пензера, Орловера ахархой бара.
Схьаоьхуш берш, шо-шаре даларца, алсамбовлуш бара. Алсамбовлуш бара гIалара бахархой а. Уьш ГIизлара, Мазлакхе баьхкина Iаш бацара, чIагIонаш йинчу тIеман ярташка а богIура. Царах хан-зама яларца гIаланаш хуьлура.
Масала, цу тайппана керла гIала хилира Екатериноградски станицех. Кавказан сардалаллин административни туш хилла дIахIоьттира иза. Кхелхина баьхкинарш, иштта, дIахьовсабора Царицыне, Черкасске.
Инарла Потемкин лууш вара кхелхина баьхкинарш шайн хьалха хиллачу меттигех тера йогIучу меттигашка охьаховшо. Масала, украинхой аренашца баха ховшабе олура цо.
Ткъа Казанера, Вятскера, кхечу губернешкара схьакхелхина гIезалой Кавказан зилан Царицынера дIа йолчу меттигашка охьаховшабе аьллера, «уьш, шайца цхьаьна динехь болчу дозанал арахьарчу халкъашна гена хилийтархьама». Россин Iедало дукха лерина кечйинчу планашна юкъа шен хийцамаш бохьура дахаро.
Кхелхина баьхкинчара бала хьоьгура махкала деш (махках ца булуш, мохк ца товш), ламанхой хаддаза тIелеташ. Ламанхошна хIорш салтийл а, гIалагIазкхел а кхераме мохкдIалецархой хетара.
1787-чу шарахь Михайловскехь, Надеждехь, Пелагиадехь, Марьинехь Iаш божарех 4 696 стаг вара. Цул тIаьхьарчу шина шарахь цигара бахархой доьалгIачу декъана лахбелира. Царах 1 243 стаг кхелхира, ламанхоша йийсар вира 106 стаг, кхузара ведда дIавахара 90 стаг, эскаре дIавелира (рекруташка) 109 стаг. Амма тIеттIа керла нах бара Iедало кхуза схьакхалхош. Алсамдовлуш дара цара дуьйшлелош долу латтанаш.
1792-чу шарахь цара шаьш дуьйш-лелош хиллачу латтанашна тIера 94 400 чийлак Iаьржа кIа, 86 400 чийлак кIа, 45 544 чийлак мукх, 28 300 чийлак борц, 75 700 чийлакехула, 1 200 чийлак гречка, 1 533 чийлак горох, 3 140 чийлак кIомал, 2 160 чийлак ветанан хIу гулдира. И сурсаташ тоьаш дара царна шайна даа а, меттигерчу эскаран дакъошна кхачоян а.
П.С.Потемкинна Кавказехь олалла даран план кхочушъяр тIедожош долчу 1785-чу шеран хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахьлерчу указаца билгалдеш дара хIокху мехкан граждански а, бахамаллин а дахар тодарна тIехьовсийна долу кхин гIуллакхаш а. Иштта, Кавказерчу чIагIонийн зилехь йолчу коьртачу гIаланашкахь – ГIизларехь а, Мазлакхехь а, шаьш-шайна урхалла дар юкъадало сацам бира.
Хьалха, гIалахь, урхалла деш тIеман Iедал дара. Саратоверчу сардалалло кхелхина баьхкинчу кхечу мехкашкарчу нахана бакъо елира Къилбаседа Кавказехь баха ховша.
Керла кхоьллинчу губернерчу Екатериноградехь йоккха килс яр а, школаш схьаеллар а тIедиллира. Цхьа школа – амалтана (ламанхойн) далийна бераш Iамон, шолгIаниг – оьрсашна ламанхойн меттанаш Iамор. Иштта, тIедиллинера некъаш тодар, къепе далор, къаьсттина Кавказан лаьмнашкахула Гуьржийчу боьдуш берг, оцу некъаца тIулгийн тIайш деш.
Дагалаьцнарг йоккха программа яра. Делахь а, Россих схьатоьхначу латтанашна тIехь маьрша бахархой банне а бацара ала мегар дара. ХIунда аьлча, кхелхина кхуза схьабаьхкинарш карара герз охьадилла йиш йолуш бацара. Царна тIелатарш дора ламанхоша, цара шайн мехкаш дIалецарна, уьш шайн лаьтта тIе охьаховшарна. Цу тIехь уьш харц а бацара.
Амма, иза данне а догIуш дацара Россин Iедалан политикица, Кавказ а, кхузара халкъаш а шен куьйга кIела дерзоран политикица. Ламанхой тIелетта меттиг хилча, Россин тайп-тайпанчу регионашкарчу схьабаьхкинчу ахархошна орцах кхочура эскархой. Ткъа Кавказан корпусан тIеман ницкъ даима а церан куьг кхочехь бара. Уьш, салтий, кхузахь машар а, къепе а хилийта латтош бу бохура Iедало.
Алийша, хьанна дагайогIу кхечу махкарчу салташа, дуьне кхолладеллачахьана, муьлххачу а цхьана махка машар а, токхо а, ирсе дахар а деана меттиг? Хилла яц иштта меттиг. Хуьлийла а дацара… Къилбаседа Кавказехь чIагIъяларо Россина таро елира Малхбале Гуьржийчоь схьатохарна кечамбан.
1783-чу шеран мангалан (июль) баттахьлерчу Георгиевски трактатаца (Георгиевски гIопехь яздина куьйгаш) паччахьа Ираклий ШолгIачо тIечIагIдира Картли-Кахетин пачхьалкх Россин верасаллина кIел йоьдуш хилар. Керла схьатоьхначу Арахьарчу Кавказерчу мехкашца дика зIе хилийта бегIийла а, кхерамза а некъ оьшура.
ХIетахь Даръялан чIожехула говрашкахь мохь дIасакхоьхьуш некъан тача дара. Цуьнан метта, инарла Потемкин коьртехь а волуш, некъ билла сацам бира Россин Iедало. Оьрсийн цхьаъ ах эзар салтичо кхаа баттахь некъ баьккхира Даръялан чIожехула а, ЖIаран дукъахула а. ЦIеяххана болчу ТIеман-Гуьржийчоьнан некъан юьхь яра иза. Цул тIаьхьа даьхкинчу шерашкахь оцу некъо ондда вовшашца юьйзира Арахьара Кавказ а, Къилбаседа Кавказ а, Росси а.
Мазлакхера Даръяле кхаччалц болчу некъаца дIасабоьлхучарна кхерам ца хилийта йиъ гIап юьйгIира. Царах цхьаъ Владикавказ (БуруГIала) яра. ТIаьхьа оьрсийн Къилбаседа Кавказехь уггаре а яккхийчех цхьа гIала хилла дIахIуттур йолу.
Кавказехь хилла баккхий хийцамаш Нохчийчохь долчу хьолана тIехь цахаалойла дацара, иза Россера Арахьарчу Кавказе а, Малхбале Кавказе а доьлхуш долу некъаш вовшахкхетачу меттехь хилча-м муххале а.
Цу тайпанчу хьолехь нисбеллачу мехкан кхоллам цкъа а ца хилла атта, къаьсттина цигахь Iаш берш ламанхой хилча. Шайн маршонна доза детта а, гатте хьийзо а банне а Iемина бацара уьш.
Арахьарчу Кавказе керла некъаш дохкуш, чIагIонаш, гIаьпнаш еш, Къилбаседа Кавказерчу мехкашна тIе баха нах хийшош, оьрсий нохчийн юкъараллийн мехкашна тIе а бевлира, бIешерашкахь цхьана хорша дерзийна хилла дахар талхош.
Россин империс Кавказехь дIахьочу олаллин политикица доьзна, шайна махлелорехь, дIасадахарехь деттачу дозанашна, кхечу бехкамашна реза хилла, охьатаьIна Iалур болуш бацара нохчий.
Цу тIе, бахархой алсамбовларца а, лаьмнашца лаьттан къелла хиларца а доьзна, кхелхина дIабаха, керла меттигаш лоьхуш, нохчий алсамчу барамашкахь Теркаца йолчу аренашка а, Iаьсса, Фортанга, Соьлжа хишна гергахьа а баха охьаховша буьйлабелира. ТIаккха оьрсашца хуьлу тайптайпана къийсамаш алсамбевлира, церан тIаьхьенаш къиза хила юьйлаелира.
Россерчу Iедалан эскарийн лаьмнашкарчу халкъашца, цу юкъахь нохчашца а долу тIеман тасадаларш XVIII-чу бIешеран хьалхарчу декъехь дIадуьйладелира.
Иштта, П.Г.Бутковс хаам бора: «1722-чу шеран мангалан (июль) беттан 23-чу дийнахь Ветеранин коьртехь волчу паччахьан эскаран отрядана Iедалан лерринчу указаца тIедуьллуш ду гIаттам бинчу нохчашна а, «Андреевски юьртана а таIзар дар» (юьйцуш ерг Дагестанерчу Эндерера гIумкийн пачхье Эндери юрт ю).
Ветеранин кхо полк яра, шайна юкъахь ши эзар гергга салти а, 400 гIалагIазкхи а волуш. Оцу боккхачу бIонна дуьхьало йира нохчаша а, Эндерерчу бахархоша а. Пхи-ялх эзар стаг вара уьш. Оццу хенахь Эндери юьрта кхечира полковник Наумов, шеца оцу эскарера салтий а, эпсарш а болуш.
Дукха хан ялале «ерриге а юрт чIана яьккхира, – боху П.Г.Бутковс. – Иза овкъаршка ерзийра, сийна цIе тесна. Цигахь йоккха хIонс караеара».
Наумовс бIонна юкъара 80 сов тIемало вийра нохчашца а, гIумкхашца а хиллачу тIамехь. ГIаттам бинчу ламанхошна юкъахь а дукха бара байъинарш а, чевнаш хилларш а.
Ветеранин эскаро нохчашца тIом бина итт шо даьлча, 1732-чу шеран мангалан баттахь паччахьан Iедало Нохчийчу хьажийра Святой Крест гIопехь эскаршна куьйгалла деш хилла инарла-майор граф Дуглас коьртехь волу тIеман экспедици.
Оцу хенахь Чечанарчу мехкадас Бардыханов Айдамира даррехь дуьхьало йира Россин Iедална. Ламанхоша кхерамаш туьйсура чIагIонаш йолчу Кавказан зилана тIелетар ду бохуш. Меттигерчу мехкадайша а, яртийн дайша а кхайкхина волчу инарла-майора Дугласа 1 200 гIашсалти а, 500 гIалагIазкхи а юкъахь волчу бIонца мангалан (июль) беттан 4-чу дийнахь тIеман экспедици дIайолийра Нохчийчохь а, ГIумкийчохь а.
БIо гIумкийн Эндери юьрта кхаьчча, инарла Дугласе хаам кхечира, эскар тIедогIуш дуй а хиъна, гIаттамхой оцу сохьта дIасабахара, аьлла.
Оцу харц хаамо Iехийначу Дугласа тоам бира Чечана полковник Кох коьртехь волу 300 гIашсалти а, 200 гIалагIазкхи а юкъахь волу бIо бахийтарх. Дисинчу эскарца Эндери юьрта юххехь сецира иза. Кохан бIо мангалан (июль) беттан 7-чу дийнахь кхечира Чечана.
Цуьнан омранца юрт ягийра. Цигара юхавала волавелира иза. Амма оццу хенахь ламанхоша салташний, гIалагIазкхашний гуо лецира. Оцу тIамехь 125 салти вийра, 75 салтичунна чов йира. Цу хьокъехь хаам бинарг а изза П.Г.Бутков ву.
XVIII-чу бIешеран шолгIа дакъа билгал хилла нохчийн оьрсийн эскаршца тIеман тасадаларш хилар алсамдаларца. Уьш кест-кеста хуьлура, эскарш Къилбаседа Кавказехула тIеттIа гена чудогIуш хиларна.
ГIизларарчу коменданта Куроедовс ша эле Г.А.Потемкине яздинчу рапорта тIехь дуьйцу: «1757-чу шарахь, ГIизларан комендантан даржехь инарла-майор фон Фрауендорф волчу хенахь, нохчий шайн мехкадайн лаамна тIера бевллера. Юха Россина чIогIа дуьхьал бевлира. Уьш цу тайппана кIоршаме хиларна, оццу шеран эсаран (октябрь) беттан 23-чу дийнахь тIедиллира царна таIзар дар а, уьш хила мабеззара муьтIахь бар а».
I.МУСАЕВ, профессор
№8, кхолламан (январь) беттан 31 де, 2020 шо