«Госуслуги» порталан «питана»: Эна-Хишка а, Эха-Борзе а лулахошца екъар

Карарчу хенахь «Госуслуги» порталан хьокъехь хазаза наггахь волу вахархо а хир вац. Иза, портала тIехь билгалдаьккхина махиллара, Пачхьалкхан хьаштийн официальни интернет-портал ю.

Цхьана агIор иза иштта ду, хIунда аьлча, паспорт даккхийтарна кехаташ чудаларна тIера дIаволавелла, чуьра доьзалхо берийн беша дIаязваран биста кхаччалц, хьашташ кхочушдало цу тIехь.

Цундела, къаьсттина хала а хета, новкъа а догIу цу тIехь гIалаташ хааделча… Къаьсттина питане гIалаташ. Эна-Хишка, Эха-Борзе, Буммат… Оцу кхаа юьртан цIе хазарца коьрте Эна-Хишкан кIошт йогIу… ЙогIу, и кхуьй а юрт оцу кIоштана юкъайогIуш а йолуш, нохчийн ярташ хиларна.

Амма «Госуслуги» порталан иштта ойла яц… Ойла-м иштта хила а мега цуьнан, делахь а, дуьненна а девзаш долу нохчийн комаьрша дог Пачхьалкхан хьаштийн официальни интернет-портала тIехь а комаьрша хила лаьа-кх цунна.

Оцу портала билгалдаккхарехь, Эна-Хишка а, ЭхаБорзе а еккъа нохчийн хилла ца Iаш, луларчу гIалгIайн а ю, хIунда аьлча, хьуо Iаш волу меттиг къастош, оцу шина а юьртан цIе дIаязйича, юьйцург муьлхачу республикера (Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а) Эна-Хишка а, Эха-Борзе а ю къасто декхарийлахь во хьо цо.

И.АДАМОВ
№8, кхолламан (январь) беттан 31 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: