Математикехула онлайн-олимпиада

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь, «Учи.ру» онлайн-платформо, Нохчийн Республикин школийн 5–11-чуй классашкарчу дешархошна юкъахь Ерригроссин «Олимпиада Учи.ру по математике» онлайн-олимпиада дIаяьхьира.

Онлайн-олимпиада дIайолочохь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитель Тааев Илес, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан дешаран балхехула проректор Гатаев Анзор.

«Учи.ру» онлайн-платформи сайта тIехь дIаязвина хуьлу олимпиадехь дакъалоцуш волу дешархо. ХIора а дешархочунна билгалъяьккхина анкета ю. Оцу анкети тIехь гулдо дешархочун-дакъалацархочун жамIаш.

Лаккхарчу дешаран учрежденешка деша воьдуш, оцу жамIех пайдаоьцур бу дешархочо. Олимпиадин дакъалацархоша кхочушдан деза тIедехкарш дукха чолхе а дацара.

Логикехула ойла а еш, лахадезара нийса жоьпаш. Иштта, тIедахкаршна юкъахь долчу суьрташ тIехь геометрин формулаш йолуш задачаш а яра.

Россехь уггаре а йоккха онлайн-платформа ю «Учи.ру». 1–11-чуй классашкара 3,2 миллион дешархо ву цунах пайда а оьцуш, школин предметаш Iамош. ФГОС-н лехамашца нийса йогIуш хиларна, Россин школашкахь дика пайдаоьцу цунах. Цул сов, ВПР-на, ОГЭ-на, ЕГЭ-на кечамаш бан а аьтто баьлла дешархойн.

Онлайн-платформех пайдаоьцуш долу бераш шайн хааршкахь совдуьйлуш хилар а хаало. Ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а олимпиадашкахь дакъалоцу цара. Iамаркерчу, Канадерчу, Чинерчу, Индерчу, ЮАР-чу, Бразилерчу дешархоша, математика Iаморехь, пайдаоьцу оцу онлайн-платформех.

2019-чу шарахь, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствоца цхьаьна, «Учи.ру» онлайн-платформо нохчийн школийн юьхьанцарчу классашкарчу дешархошна юкъахь математикин предметехула талламан проект дIаяьхьира. Оцу проекто дика жамIаш делира. Бераш атта кхетара шайна хьалха хIиттош долчу тIедахкарех.

ХIетахь дуьйна Нохчийчуьра 13 000 дешархо ву «Учи.ру» онлайн-платформех пайдаоьцуш.

М.ГЕРЗЕЛИЕВА
№8, кхолламан (январь) беттан 31 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: