Нохчийн маттана а, къоман гIиллакхашна а лерина кхоллараллин суьйре

Нохчийн матте безаммарзо адаман дахаран уггаре а цIеначу муьрехь – бераллехь дуьйна кхолла езаш ю. Ткъа шен къоман мотт хааран юьхь, хьоста, уггаре а хьалха оцу берана шен доьзалера дIа хила еза.

ТIаьхьарчу хенахь, къаьсттинчу тидамехь ду тIекхуьучу кегийрхошна ненан мотт Iаморан а, марзбаран а гIуллакхаш. Нохчийн Республикин ерриге а кIошташкарчу хьехархоша, дарсашкахь бина ца Iаш, классал арахьа а жигара дIахьош дуккха а белхаш бу.

Шелан кIоштан администрацин а, кIоштан Дешаран урхаллин а куьйгалло къобалдеш тIе а оьцу и санна долу гIуллакхаш.

Цхьаволчунна хета тарло берашна нохчийн мотт марзбар иза нохчийн меттан хьехархочун бен гIуллакх дац, аьлла. Амма, иза иштта доцийла хуур ду Шела шахьаран хьехархоша дIахьочу суьйренашкахь хиллачунна.

Иштта, нохчичун дахарехь нохчийн матто а, къоман гIиллакхаша а лелочу маьIнех а, ненан меттан беркатах а лаьцна дуьйцуш, кхоллараллин суьйре дIаяьхьира Шеларчу №9 йолчу школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархочо Бибулатова Тоитас.

Цхьаьнакхетаран хьалхарчу декъехь, суьйре дIахьош йолчу Тоитас бовзийтира цхьаьнакхетаран дакъалацархой: Нохчийн Республикин Журналистийн союзан председатель, «Вести республики» газетан коьрта редактор Исмаилов Илес, «Издательский Дом» цхьаьнакхетараллин директор Темирханов Iела, Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо Абдырашидова Маьлх-Аьзни, республикин «Даймохк» газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар, Шелан кIоштан Дешаран урхаллин хьаькам Мусостов Аюб, Шелан кIоштан депутат Домбаев Iумар, школин директор Тарамова Малика, школерчу дешархойн дайнанойн комитетан председатель Алсултанова Эльза.

«Даймохк» газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар, журналист санна вовзале хьалха, поэт санна вевзина ву Нохчийчохь.

Говзарш нохчийн маттахь язъечу поэтех цхьаъ ву иза. Нохчийн поэтийн, яздархойн кхоллараллехь коьрта меттиг дIалоцу ненан а, Даймехкан а, дахаран а темашна язйинчу байташа.

Дуьххьарлера дийцарш а, байташ а школехь, ша 7-чу классехь доьшуш волуш язйина Бувайсара. Уьш Шелан кIоштан «Коммунизман байракх» газетан агIонашкахь зорбане а йийлина. Цул тIаьхьа, «Васт», «Даймохк» газетийн а, «Вайнах», «Орга» журналийн а, агIонашкахь зорбане юьйлура.

Дешархоша хьешашна литературин-музыкин программа кечйинера. Кар-караоьцуш, байташ дIайийшира цара. Школин лакхарчу классийн дешархоша нохчийн гIиллакх довзуьйту инсценировкаш гайтира.

Ненан марзо маттаца юьсуш ю вайца, ткъа ден цIе иза хIора а нохчичун сица, «Даймохк» цIарца карлаюьйлуш лаьтта. Школин дешархоша гайтира шаьш Шамсудинов Бувайсаран «Жималлин суьйре» пьесин буха тIехь хIоттийна инсценировка.

Ишттачу суьйренашкахь кхоллало берийн нохчийн матте безам. Бувайсара дуьххьара яздинчу «Шира гIант» дийцарна тIехь хIотийна инсценировка дагах кхеттера хьовсархошна.

Ширделлачу, тишделлачу гIантах лаьцна ду и дийцар. ГIант деш лелийначу дечиган кхолламан ойла йина хилла цо. Цкъа мацах, жима, дахаран суй богу синтар хилла иза, юха, нахана IиндагI латтош, беркат даьлла цунах, тIаккха, дахаран некъ чаккхене лестича, оцу диттах аннаш даьхна.

Ша санна къанвеллачу, гIорасиз хилла вогIучу некъахочунна гIортор хилла лаьттина иза. Оцу дечиго бина некъ а ца бича эхь ду адамана, дуьненахь эрна даьхна дIадодахь.

Иштта философин маьIна долуш ду и дийцар. Цундела дара цхьаьнакхетаран дакъалацархоша дешархошка дика а деша, нохчийн мотт Iалаш а бе аьлла кхайкхам бар.

Нохчийн гIиллакхах а, ненан мотт хааран дозаллах а дийцира Абдырашитова Маьлх-Аьзнис а, Бибулатова Тоитас а, Тарамова Маликас а, Мусостов Аюба а, Алсултанова Эльзас а.

«БувайсарагIеран керташкара бер гIиллакх хиларца а, дика дешарца а къаьсташ хуьлу. Школин хьехархоша боккхачу безамца, ларамца йоккху Бувайсар хьан цIе. Оха дозалла до ахь тхайн школехь дешна хиларх», – элира школин директора М.Тарамовас.

Мусостов Iелас билгалдаьккхира нохчийн мотт къоман са меттехь латтош болу бахам хилар.

«Вай ца ларбича нохчийн мотт тIаьхьенашка дIакхочур бац. Нохчийн маттаца къахьоьгуш болчу нахе, къоман маттахь зорбане долучу газете, журнале боккха ларам хила беза. Шуна баркалла ала лаьа суна», – элира Аюба.

Дешархойн дай-нанойн комитетан председатела Э.Алсултановас баркалла элира, иштта чулацаме, пайдехь суьйре, вовшахтоьхна, дIаяхьарна.

«Тахана, хIокху суьйрене дешархойн наной баьхкина. Тхуна а дукха хIума карладели, доьзалшна нохчийн гIиллакхаш, мотт Iамош хилча гучудолуш долчу беркатах кхин цкъа а ойлаяр а хили», – элира Эльзас.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№8, кхолламан (январь) беттан 31 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: