Дукха хан йоццуш «Даймохк» газетан редакце еанера, шен ненаца цхьаьна, Къеди-Юьртара Гусейнова Марем. Дуьненан барамашца бусталур боцчу Шен къинхетамца, Шен комаьршаллица Дала «совгIат» дина ю 15 шо долу Марем (цуьнан фамили Хусаинова хила езаш яра, амма, вайн республикехь бохаме хиламаш болчу муьрехь, дукхахболчарна нисделла ма-хиллара, кехаташ кечдечу хенахь гIалат далар бахьанехь (хIетахь кехаташ кечдийраш, дукха хьолахь, оьрсий хуьлура), ГусейновгIар хилла йоьIан гергарчарах).

Дала Шена дукхадеза адамаш тайп-тайпанчу кепара зуьйш ду дахарехь: цхьадерш цамгарца, кхидерш хьолаца, кхоалгIанаш – баланашца, иштта кхечуьнца. Ткъа Маремана Дала елларг ДЦП цамгар ю, халахеташ делахь а, вайн махкахь дукха бераш ду оцу цамгаро лаьцна.
Иза Делера совгIат хIунда ду аьлча – кханалерчу Къематдийнахь Кхиош-Кхобуш волчуьнгара йоккха ял хир йолуш хIума ду иза. Маремана а хир ю ша лайначу цамгарх ял, йоIаца и бала боькъуш йолчу цуьнан нанна а хир ю, Дала мукъ лахь! Дала цомгаш мел верг дарбанна тIе нисвойла, дарба хила йиш йоцучунна ницкъ, ийман, собар лойла!
Бакъду, и цамгар яра аьлла корта оллийна йоцуш, дуьненах самукъа а долуш, деша а, яздан а, кхиа а лаам болуш, хаза, хьекъале кхуьуш ю Гусейнова Марем.
Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Дешаран туьшахь юккъера дешар а чекхдаьккхина Марема – иза цигахь 4-чу классехь дуьйна доьшуш яра (туш схьайилличахьана).
13 шо кхаьччахьана байташ язъян йолаелла, цунах чIогIа самукъадолуш ю йоI.
Цо дуьххьара язйина байт вайн мехкан нанна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Регионан юкъараллин фондан президентана Несин Айманина лерина яра, цуьнан комаьршалла, къинхетамалла хастош.
Иштта, Даймахках а, нене болчу безамах а, дахарехь шена гинчух а могIанаш язбеш, байташ язъярехь кхиа гIерташ, къахьоьгуш ю Марем.
Шен цамгар бахьанехь, цхьацца халонаш хилахь а, къарлуш, бIокъажош яц йоI.
Даггара лаьа Гусейнова Мареман сирла сатийсам кхочушхуьлийла а, ша юьхьарлаьцначу Iалашоне иза кхочийла а, Дала массо дикачу хIуманна тIехь цуьнан аьтто бойла а!
Цуьнан байтех цхьаъ шуна йовзуьйту оха.
Замане
Iуьйре йогIу гIайгIане,
Суьйре йогIу балане,
Дагца бу сан боккха цатам,
Лалур буй-те и даге?Дицлур дуй-те хилларш, лелларш?
Дашца дагна йина чевнаш?
Карор дуй-те дарба царна,
Новкъа яьлла некъаш дарах?Денош уьду, йоьду зама,
Лууш дерг а хилац кхана,
Доьху, жимма собар дехьа,
Ла а дугIуш, соьца Iехьа.Дийца соьга, сихло стенна?
ХIунда йоьду хьаьдда гена,
Сингаттамаш бохьуш суна?
Со-м ца кхуьу тIаьхьа хьуна.Малх а сихха схьа ма-кхетта,
Дерриг дуьне доккхуш сирла,
Де а суна доца хета,
Зама йоьдуш сихлуш кхетац.Де а догIу бала бохьуш,
Кхин де догIу бохам бохьуш,
Дог а, лаьттах кхеташ, даьржа,
Ойла, даг чохь Iийжаш, яьржа.
А.ВАХАЕВА
№8, кхолламан (январь) беттан 31 де, 2020 шо