Кхерамечу гIаланех яц Соьлжа-ГIала!

Британски Verisk Maplecroft аналитикин компанис  дуьненан уггаре а кхерамечу гIалин рейтинг хIоттийна. Цхьаверг цецвала а, важа, цхьа забар шена хезча санна, велавала а там бу  иза ешча, хIунда аьлча царна юкъа яхана Соьлжа-ГIала а. Рейтинган 54-чу меттехь лаьтташ ю Нохчийчоьнан коьрта шахьар. Украинин керлачу Iедало йохийна йолчу Донецк а, Луганск а гIаланашна улле хIоттийна оцу компанис Соьлжа-ГIала. 

Везваш волчу блогера Тарасенко Григорийс ша оцу рейтингах лаьцна  йолу статья дIайолош яздо: «США-н пачхьалкхан департаменто юьхьлаьцна лелош жIаьлин кIеза ду, «Verisk Maplecroft аналитикин компани» цIе а йолуш, правительствон йоцуш санна». Цо билгалдоккху Iамаркан куьйгаллина хьасталуш, царна луъучу агIор рейтинг хIоттийна хилар. Россина дуьхьал санкцеш ялорах шайн  гIуллакх ца хилча, хIинца хаамийн тIом болийна вайн пачхьалкхана дуьхьал. Малхбузен пачхьалкхашка ца лало Россин Федераци дуьненахь а сий-ларам болуш  пачхьалкх хилла дIахIоттар. Цундела цхьацца хIуманаш леладо. Нохчийчоьнан бахархошна шайна хетта а ца Iаш, Россин куьйгалло а дахарна уггаре кхераме йоцчу гIалех цхьаъ лоруш ю вайн шахьар. Цундела  цхьа а шеко хуьлийла дац Соьлжа-ГIала уггаре кхерамечу гIаланашна юкъатохар питана хиларан.

«Тур-Экс» компанин директора Батаева Элинас хаам ма-барра, карара шо доладелчахьана республикехь 10 эзар турист хилла, ткъа официальни боцчу хаамашца кхин а алсам бу церан барам.  Оцу бакъдолчара шашаха хьалха хIоттадо  хаттар: «Уггаре а кхерамечу меттигех Соьлжа-ГIала хилча, хIора дийнахь   Россин кхечу регионашкара а, дуьненан тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара а Нохчийчу нах оьхур барий-те?». Питанаш лелочара   ойла ца йо цуьнан, я ян а ца лаьа, цундела   цхьа а бух боцуш ду цара кхуллуш дерш.

Республикин куьйгалло нийса политика дIаяхьар бахьанехь   бахархойн дахаран хьелаш денна толуш ду, кест-кеста схьайоьллуш социальни объекташ ю, инвестицийн проекташ кхочушъярца керла белхан меттигаш ю кхуллуш.  Доцца аьлча, Соьлжа-ГIала  дуьненан тоьллачу гIалех лара мегар долуш  уггаре а синтеме  шахьар ю.

Р.АБДУЛМУСЛИМОВ

 еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: