«Смарт Билдинг» юкъараллин инженераша билгалдаккхарехь, республикин пачхьенан аэропортана ян лерина кхузаманахьлера дуьненаюкъара терминал дийнна Россехь а тоьллачарах цхьаъ хир йолуш ю, дуьненаюкъарчу кхерамазаллин а, сервисан а лехамашца йогIуш а йолуш.

Оцу проекта тIехь болх тIедогIучу шарахь дIаболор бу. Иза республикин Правительствон председатела Хучиев Муслима даханчу шарахь дуьйна хаийтина ду.
Белхаш, кхин галдолуш хIума ца нислахь, 2–2,5 шарахь чекхбохур бу. Проектана къастийнарг 14,5 млрд. сом ду.
Соьлжа-ГIалин аэропортан дуьненаюкъара керла терминал, проектаца нийса а догIуш, 2024-чу шарахь болх бан йолалур ю.
Документашца нийса а догIуш, проект 2020–2024-чуй шерашкахь кхочушйийр ю: карарчу шарахь проектан документаш тIехь кхитIе а белхаш бийр бу, тIедогIучу шарахь терминалана гIишлояран а, кеманаш охьаховшаран а, хьалагIовттаран а аса яран белхаш дIаболор бу.
Цул сов, проекта тIехь билгалдаьккхина Соьлжа-ГIалин аэропорт кхитIе а тояран проект 2009–2010-чуй шерашкахь а хIоттийна хилар а, хан-зама яьлла хиларца, цунна дуккха а хийцамаш безаш нисделла хилар а.
Карарчу хенахь, хийцамаш бина бевлла, антикоррупцин экспертизах чекхъяьккхина проект.
Иза кхочушъяран гIуллакх шен лерринчу тергонехь латтош ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхина, керла терминал яьллачул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалин аэропортера хьелаш «дуьненан уггаре а чIогIачу лехамашца догIуш хирг хилар».
Планаца нийса а догIуш, шарахь 1,5 млн. стеган хьашташ кхочушдан ницкъ болуш хир ю аэропорт.
И.ХАСАХАНОВ
№9, чиллин (февраль) беттан 4 де, 2020 шо