Белхазалла лахъярехь бIаьрла кхимаш бохуш ю Нохчийчоь. ТIаьхьарчу масех шарахь цуьнан барам хIора а баттаца лахлуш богIуш бу. Белхан керла меттигаш кхоллар экономикин кризис а, бюджетан халонаш а тIехIиттарх а лахлуш дац.

2019-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь бинчу талламаша гайтина, республикехь белхазаллин барам 7–9 процент бен цахилар. 2018-чу шарахь иза 10 процентал а лакхара бара.
Амма и проблема хIинца а лазаме а, кхин а, мел лахара а, масех шарахь лаьттар йолуш а ю. Ткъа стенгахь лаха еза белхан меттиг? Муьлха вакансеш ю карарчу хенахь? Балха хIуттуш хIун корматалла я говзалла хила еза? Царна а, иштта дуккха а кхидолчу хаттаршна а жоьпаш карадо Вакансийн ерригроссин «Работа в России» www.trudvsem.ru бази чохь.
Оцу сайта чохь ю Россехь мел йолу ваканси.
Цул сов, цу чохь, муьлххачунна а пайдехь а хир йолуш, кечйина тайп-тайпана функцеш ю.
ХIора а пайдаэцархочун таро ю лахаран кора чу корматаллин цIе а язйина (экономист, юрист, программист, гIишлошъярхо, бухгалтер, и.дI.кх.а), карарчу хенахь, оцу декъехь мел йолу вакансешка хьажа.
И вакансеш сайта тIе яхаран терахьца а, алапица а, субъектаца а, кIоштаца а, алфавитца а листа таро ю.
Иштта, оцу сайтан гIоьнца пайдаэцархойн таро ю муьлххачу а субъектан социальни а, экономикин а хьал довза – бахархойн барам, алапийн тIегIа, белхазаллин барам, берийн бошмийн барам а, уьш йолу меттигаш, петар аренде схьаэцаран мах, иштта дIа кхин а.
Цу тIехь а чекхдолуш дац оцу сайтах ала долу дика дош. Белхахой лоьхуш йолу организаци таллам бинчул тIаьхьа бен гучуйоккхуш яц. Иза дар бахьана долуш, зуламхой а, харц-хаамаш баржош берш а сайта тIехь ца хуьлу.
Делахь а, оцу портала тIехь вакансеш лехна ца Iаш, шех лаьцна хаамаш бита а таро ю пайдаэцархочун.
Цундела, ца кхоьрруш, ала мегар ду, оцу портала тIехь денна а цIинбеш хаамаш хилар а, цуьнца доьзна дуккха а нахана белхан меттигаш карориг хилар а.
2020-чу шеран чиллин (февраль) беттан 3-чу дийнахь оцу сайта тIехь 1 098 ваканси а, 2 048 белхан меттиг а яра (Нохчийн Республика хаьржича). Царах 453 ваканси а, 1 197 сов белхан меттиг а – еккъа цхьана Соьлжа-ГIалахь а.
Оцу сайта тIехь йолчу вакансешка а хьожуш, бинчу талламо гойту, республикехь уггаре а дукха лоьраш а, медйижарий а оьшуш хилар.
Царна тIехь богIу хьехархой а, гIишлошъярхой а, токан говзанчаш а.
И.АДАМОВ
№9, чиллин (февраль) беттан 4 де, 2020 шо