Нохчийчоь: кхиаран анайисташ

Нохчийчоьнан туризман таронаш йовзийтина

Хонкарахь дIаяьхьначу малхбален-дуьненаюкъарчу хIордан туризман а, некъаш гездаран а EMITT Istambul – 2020 дуьненаюкъарчу гайтамехь Нохчийчоьнан туризман таронаш йовзийтина.

Гайтам дIахьош бара Tuyap Fair Экспо-туьшахь. Нохчийн Республикин туризман министра Байтазиев Муслима дийцарехь, Россера еккъа цхьа вайн регион бен яцара оцу гайтамехь дакъалоцуш. Ткъа оцу гайтамна тидам тIебахийтина дуьненарчу ерриге а туристийн компанеша.

«Вайн стенд схьайиллинчу дийнахь дуьйна цунна леррина тидам тIебохуьйтуш бара дуккха а хьеший а, туризман векалш а. Цигахь йовзуьйтуш ю вайн коьрта туристийн маршруташ», – бохура М.Байтазиевс.

Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, вайн регионна къаьсттина мехала ду оцу гайтамехь дакъалацар, хIунда аьлча, вайн республикера дуьххьалдIа лелаш кеманаш ду Хонкара.

Иштта, Истамбулехула дIасалелаш ду тайптайпанчу мехкашкара кеманаш.

Социально-экономикин кхиорна лерина кхеташо

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ТIехьа-Мартан кIоштахь дIаяьхьира социально-экономикин кхиорна лерина кхеташо. Цигахь дакъалоцуш бара Iедалан органийн а, министерствийн а, ведомствийн а куьйгалхой, дакъош кхиоран векалш.

Р.Кадыровс тидам тIебахийтира дIадаханчу шарахь ТIехьа-Мартан кIошт кхиорехь дика кхиамаш баьхна хиларна.

Ткъа Россин пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Хьалха-Мартан а, ТIехьа-Мартан а, Эна-Хишкан а кIошташ юкъайогIучу декъана куьйгалла деш волчу, дийцира дIадаханчу шарахь бинчу балхах лаьцна.

«Нохчийчоьнан Куьйгалхочун тIедахкарш кхочуш а деш, аьтто баьлла Олхазар-КIотарара, Янди-КIотарара, Шалажара, Керлачу-Шарара, кхечу ярташкара иттех маьждиг а, зерат а тодан. Эха-Борзехь деш ду жамIатехь 1 500 стаге ламаз далур долу доккха маьждиг. Энергетикин декъехь таро хилла 100 километр электросерий а, газан биргIанаш а карлаяха, иттаннаш керла трансформаторш хIитто, 700 сов электросерийн бIогIам дIахIотто. Иштта, гIашлойн а, машенийн а тIайш техкина, гIийла-мискачу 3 доьзална цIа дина, 2 эзар сов стагана гIо-накъосталла дина», – элира А.Делимхановс.

Соьлжа-ГIала – «Толаман урам» проектан дакъалацархо

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 75 шо кхачарна лерина дIахьош йолчу «Толаман урам» проектан дакъалацархо ю Соьлжа-ГIала.

«Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» Къоман проект кхочушъеш йолу Россера гIаланаш оцу проектехь дакъалацийтарна юкъаяхийтаран хьокъехь сацам тIеийцира дуьненаюкъарчу лерринчу «Некъ – 2019» гайтамехь.

«Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» Къоман проектаца 2020-чу шарахь тойийр йолчу объекташна юкъабахийтина Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранан Дукуев Абсалам Дукаевичан цIе тиллина болу, хьалха «Грозненски» цIе хилла болу урам.

Соьлжа-ГIалара «Шахтерийн» урамна ветеран дийна волчу хенахь, цуьнан сий деш, иза хIокху урамехь ваьхна хиларна, Дукуев Абсаламан цIе тиллира.

Керла силам а юьллуш тобийр бу А.Д.Дукуевн цIарах болу урам.

Тобаран белхаш 2,85 километр некъа тIехь дIахьур бу.

Токхамаш хиллачу меттигашкарчу бахархошна керла цIенош дина

Гуьмсехь даздаран хьолехь дIадаьхьира керла 22 цIа схьаделлар. Керла цIенош дIаделла хьалха токхамаш хуьлучу меттигашкахь Iаш хиллачу Нажи-Юьртан кIоштарчу бахархошна.

«Оцу цIеноша дIалаьцна 3 эзар квадратни метр сов майда. Керлачу куьпарчу некъа тIе асфальт йиллина, цхьа километр гергга электросерий а тесна, газан биргIанаш а ехкина, 852 метр еха хинбиргIанаш а ехкина. Керлачу цIенош чу кхелхинарг верриге а 172 стаг ву. Оха даима а боккха тидам тIебохуьйту дахаран чолхечу хьолехь нисбеллачу доьзалшна хIумасашца кхачояран гIуллакхна. Оцу декъехь беш болу болх цхьана а дийнахь сацош бац. Ас баркалла боху, шена Шелковски а, Гуьмсан а кIошташ юкъайогIучу ялхалгIачу декъана (секторна) тIехь терго а, куьйгалла а латтош волчу Нохчийчоьнан МВД-н министрана Алханов Русланна а, ткъа иштта, хIара проект кхочушъярехь дакъа мел лаьцначарна а», – яздина соцсетерчу шен агIонехь Кадыров Рамзана.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службин гIоьнца хаамаш зорбане кечбинарг – Хь.САИДОВ
№9, чиллин (февраль) беттан 4 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: