Нохчийн Республикехь болх бечу юкъараллин транспорта тIехь, бахархойн а, хьешийн а аьттонна аьлла, ахча онлайн дIадала аьтто бан тарло. Иза хаийтина республикин Транспортан а, зIенан а министра Черхигов Рамзана.

«Кхин дIатетта йиш а йоцуш, герггарчу хенахь кхочушдан дезачу гIуллакхашна лерина кхеташо дIаяьхьира ас. Уггаре а хьалха, вай кхеташ ма-хиллара, иза сервис ю. Юкъараллин транспортан водительш, башхалла а яц уьш таксин машен я автобус лелош хилар, пассажирашца гIиллакхе хила безар, иштта, шаьш водительш битаме а, церан машенаш цIена а хила езаш хилар билгалдаьккхира ас», – элира министра.
Цул сов, циггахь дийцаре дира юкъараллин транспорта тIехь ахча онлайн дIадала хьелаш кхолла дезар а.
Министра дийцарехь, оцу декъехь зеделларг ду республикин юкъараллин транспортан цхьана декъан – «Миг» таксопаркан.
«Кхийолчу таксопаркашлахь а, автобусашлахь а даржо дезаш гIуллакх ду иза. Цунах бахархошна аьтто хилла ца Iаш, туристашна кхуллуш долу хьелаш а бегIийла нисло», – дийцина Черхигов Рамзана.
И.ИСЛАМОВ
№9, чиллин (февраль) беттан 4 де, 2020 шо