Соьлжа-ГIалахь – эзарнийн хор

IMG-20150526-WA0006

24-чу майхь Соьлжа-ГIалин театральни-концертни зала хьалха даздаран хьолехь билгалдаьккхира славянийн йозанан а, Культурин а де.

Нохчийн Республикин  хIора районан музыкальни  школин дешархойх а, вокальни коллективийн декъашхойх  а лаьттачу эзар  берах  вовшахтоьхна  хор яра   концертни  залана  хьалха дIахIоьттина. Оцу кепара дукха  бераш цкъа а хилла  дацара  цхьана  а даздаршкахь. Даздарш долош  вайн  махкахой а,  цига  баьхкинарш а Россин исторехь  мехалчу денца  декъалбира  Нохчийн Республикин  Культурин  министра Дааев Хож-Баудис. Цул тIаьхьа  Нохчийн пачхьалкхан I.Шахбулатовн цIарахчу  филармонин Симфонически оркестро дакъа а лоцуш, концертни  программа  йолаелира. Эзарнийн хоран репертуарехь  дара россихошна  дезаделла долу  Даймахках, толамах, бераллах  лаьцна  долу иллеш, эшарш.

Славянийн йозанан а, Культурин  а де Россин Президентан Указца  билгалдоккхуш  ду 2010-чу шарахь дуьйна. Россин хIора  регионехь дIаала дезаш долу  илли Федеральни центрехь къастош ду. Карарчу шарахь  Соьлжа-ГIала а юкъаяхара  Кремлан омрица  шена билгалдина  илли ала. Иштта, ма-ярра йолчу телеэфирехь, Хабаровск, Казань,  Псков  гIаланашна  тIаьххье,  Соьлжа-ГIалин  рагI  яра. «Пусть  всегда  будет  солнце»   йиш лакха  езаш яра вайн хор. Оцу  эшаран раг1 т1екхачале кхин эшарш лийкхира   пачхьалкхан филармонин солисташа.

24-гIа май малх хьаьжна довха де дара. Концертни программа юккъе яьлча «антракт» кхайкхийра. Культурин  министра Дааев Хож-Баудис берийн  самукъадоккхуш эзар  морожни ялийтира эзар  берана!

А.-Хь.Кадыровн цIарахчу юкъараллин фондо даьккхинера и сагIа. Цул тIаьхьа, шен  планаца  дIаяьхьира  концерт. Бераша а, церан дай-наноша а   сагатдеш ларйора Кремлехь  шайн хинйолу  эфиран хан. Жоьпалле дара йиш мелла а дика лакха езар. ТIекхечира  сатийсина миноташ. Iаламат хаза лекхира   нохчийн бераша  «Пусть  всегда будет солнце»  йиш.

Дагадаийта  лаьа, славянийн йозанан а, Культурин  а  де Россехь  хIора  шарахь 24-чу майхь билгалдоккхуш хилар.

З.ХИЗИРОВА

 еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: