Соьлжа-ГIаларчу №14 йолчу гимназехь – «Ингалсан меттан кIира»

Соьлжа-ГIаларчу №14 йолчу гимназехь даздаран хьолехь дIадаьхьира кхечу къаьмнийн меттанийн кIира. Къаьсттинчу тергонехь ингалсан а, немцойн а меттанаш дара.

Кхечу къаьмнийн меттанийн кIиранна лерина мероприяти дIайолош, ингалсан маттахь байт а йоьшуш, инсценировка гайтира 2-чуй, 3-чуй классийн дешархоша шайн ингалсан меттан хьехархочуьнца Гадаева Мадиница цхьаьна.

Гимназин 3 «В» классан дешархочо Никаева Алияс шен тайнигаш йовзийтира ингалсан маттахь, ткъа 9 «Г» классан дешархочо Селахова Аминас ингалсан поэтан Шекспир Уильяман 18-гIа сонета дIаешарца самукъадаьккхира хьовсархойн.

Дешархоша дукхаезачу ингалсан музыкица а самукъане номер яра кечйина. Гимназин 5-чу классийн дешархоша актеран, иллиалархочун Синатра Френкан репертуарера «Нью-Йорк» илли элира. И номер берашца кечъеш къахьегнера ингалсан меттан хьехархочо Дроздова Юлия Юриевнас.

Дуьненахь а евзаш йолчу Британин драматурги юкъара говзар ца хьахийча а нийса хир дацара. И совгIат кечдинера 9-чу классийн дешархоша. Цара гайтинарг Шоу Бернардан «Пигмалион» пьеси тIехь хIоттийна инсценировка яра.

Гимназин актови зал юьззина болчу хьовсархоша даггара тIеийцира и номер. Даздарийн хьаша яра Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан 3-чу курсан студентка Исабаева Хьалимат. Цо ингалсан маттахь йиш лекхира.

Дешархойн программа ерзийра 7-чу классийн дешархоша немцойн маттахь вежарийн Гримм туьйранан инсценировка гайтарца.

И бераш кечдинера гимназин немцойн меттан хьехархочо Абубакаров Билала.

Мероприяти дIаяьхьнарш ингалсан меттан хьехархой Абубакаров Мохьмад а, Самбаева Залина а яра.

Даздарш вовшахтоьхнера хьехархоша Довлетукаева Асета а, Янгульбаева Марема а.

З.ЯХЪЯЕВА
№9, чиллин (февраль) беттан 4 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: