Керла кхин а цхьа ФАП схьайиллина

Шелковски кIоштарчу Оьрза-ГIалахь керла ФАП (фельдшерийн-акушерийн пункт) схьайиллина хIокху деношкахь.

Иза схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана а, Шелковски кIоштан администрацин куьйгалхочо Хаджиев Хьамида а.

ФАП-н гIишло Къоман «МогашаллаIалашъяр» проектан гурашкахь йина, бахархошна оьшуш долу хьалхара медико-санитарин гIодаран учреждени ю.

Цигахь фельдшеран, акушеран, процедурин, прививкин кабинеташ а, лоьрана оьшуш болу медицинин гIирсаш а, медицинин техника а ю.

ФАП-хь кIоштан 1 700 воккхачун а, 500 беран а хьашташ кхочуш далур долуш хьелаш ду.

КIоштан бахархой а, ФАП-н медицинин белхахой а керла гIишло схьаелларца декъалбира министра а, кIоштан куьйгалхочо а.

Оьрза-ГIалара ФАП схьайиллича министр луларчу Яна-Кхаьллахь (Гребенски) еш йолчу лоьрийн амбулаторешка хьажа вахара.

Цул хьалха, цигахь хиллачу хенахь, Э.Сулеймановс дина тIедахкарш дара амбулатори чохь а, кертахь а дан дезарш билгалдохуш.

Министерствон пресс-службо хаам барехь, министр реза хилира цигахь дIабаьхьначу белхашна.

Амбулатори чохь хаза белхаш бина, дитташ, зезагаш дIадуьйш куьце ялийнера ков-керт.

Къоман «МогашаллаIалашъяр» проектан гурашкахь Шелковски кIоштахь кхин а масех объект схьаелла лерина хIокху 2020-чу шарахь.

З.ЭЛЬДАРОВА
№9, чиллин (февраль) беттан 4 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: