Цхьанхьа а суртдилларан говзаллина Iемина яц Шелара Базакаева Тамара. Амма, цуьнан белхашка хьаьжча, иза бакъ хетар доцуш, Iалам, дуьненан хазалла, адаман дахарехь хьоме, мехала хуьлий дIахIуьтту меттигаш, мIаьргонаш, иштта, хаза, хьаьнг-хьаьнга а гайталур ярий техьа аьлла, хетар долуш, говза гойту цо шен суьрташкахь.

Масех де хьалха, кхолламан (январь) беттан 29-чу дийнахь, Соьлжа-ГIаларчу А-Хь.Кадыровн цIарахчу Сийлаллин Аллей хIолламан комплекс-музейхь даздаран хьолехь Базакаева Тамарин суьртийн гайтам схьабиллина.
Иза схьабоьллучохь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ, Нохчийн Республикин Дагадовларан Кхеташонан декъашхой, искусствоезархой, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан, Нохчийн пачхьалкхан университетан а студенташ, Тамарин гергара нах, юьртахой.
Царна юкъахь бара депутаташ: Хазбулатов Бекхан, Нагаев Iаднан, Тагиев Мурад, Нохчийн Республикин Дагадовларан Кхеташонан декъашхо Осмаев Мовла, Шелан кIоштан Къанойн кхеташонан председатель Мадаров Муса, юкъараллин «МОД Коалиция» организацин председатель Яхъяев Дени.
Гайтам схьабелларан цхьаьнакхетар дIахьош вара музейн пресс-службин белхахо Ледиев Шамхан. Тамарас кхочушбинчу исбаьхьачу балхах а, адаман синъоьздангалла кхиорехь искусствос бечу Iаткъамах а лаьцна дийцира цигахь. Авторан белхаш хьалха дуьйна а бевзаш хиллера Хазбулатов Бекханна. Тамарин кхолараллах, цуьнан оьздангаллах хаза дешнаш элира цо.
Мадаров Мусас элира: «Тамара а, цуьнан дай а, дукха хенахь дуьйна, бевзаш бу тхуна. Жима йолуш дуьйна а, нохчийн къоман оьзда, дика мел дерг дезаш а, шеца долуш а, сан бIаьргашна хьалха хьалакхиъна ю хIара. Шен доьзал а иштта дика а, пайдехь а кхиийна хIокхо. Ткъа суьртех дерг аьлча, цецваьлла, воккхавеш ву со. Делан болх бу, оццул похIма, хьуьнар кхуьнан хилар. ДIора цо диллинчу суьрте хьаьжча, оцу ножан дитта кIел охьалахвелла, садаIа, яхана хан дагалоьцуш Iан дог догIу, ткъа вукха, цунна уллерчу суьрте хьаьжча, сайн бераллин хенахь хуьлуш хилла шийла, буьрса Iа карладолу. Тхан доккха ирс ду-кх, Тамара, хьо иштта хьуьнар долуш хилар! Дала тIаьхье беркате йойла!».
Суьрташдахкархо декъалъеш, дош элира М.Тагиевс а, А-Хь.Кадыровн цIарахчу Сийлаллин Аллей хIолламан комплекс-музейн директоран заместитела Хатуев Ислама а, кхечара а.
Дерриге 50 сурт ду гайтаме даьккхинарг. Уьш живописан кепехь, пейзажан а, портретан а, натюрмортан а жанрашкахь кхочушбина белхаш бу. Ткъа цуьнан коллекцехь дерриге а 900 сурт ду.
Цул сов, цо, дуьненахь бевзаш болчу суьрташдахкархойн гIарадевллачу суьртийн копеш (репродукцеш ) йохку. ХIинцале 10 гайтам хилла цуьнан. Уьш дIабаьхьна Соьлжа-ГIала, Астана, Москва, Уральск, иштта, кхечу гIаланашкахь.
Цуьнан суьрташкахь Дала кхоьллина долчу дерриге а диканийн хастам бан хаар го. Аьхна беснаш, малх, Iалам, шеран хенаш, стом, дато пхьегIаш… куьг тIекховдийна схьаэца дог догIуш, хаза ду цуьнан суьрташ.
Базакаева Тамара дуьнен чу яьлла 1955-чу шарахь, нохчийн халкъ махках даьккхинчу хенахь. Шеларчу №8 йолчу школехь дешна цо. Бераллехь дуьйна суьрташдахкар дукхадезаш хилла ю иза.
Дезденошкахь школин пенан газеташ, плакаташ цо кечдеш хилла. Цуьнан белхаш Россехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а йолчу доларчу музейшкахь а ду.
ХIара гайтам Соьлжа-ГIалахь схьабеллар, гIалин а, республикин а бахархошна хилла ца Iаш, хьешашна а бIаьрг хьоьсту хаза совгIат хирг хиларх тешна ду тхо.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№9, чиллин (февраль) беттан 4 де, 2020 шо