Красноярскехь дIаяьхьира «Иван Ярыгин – 2020» Гран-Прин паргIатчу кепара охьатохархлатаран XXXI-гIа дуьненаюкъара турнир. Цигахь дакъалоцуш вара 13 пачхьалкхера кхо бIе сов спортсмен.
Россера цига вахана бIе гергга спортсмен вара, шайна юкъахь Нохчийн Республикерчу охьатохархлатаран «Ахмат» клубан декъашхой а болуш.
Республикин «Ахмат» клубан декъашхочо Касумов Исраила финалехь толам баьккхира Буру-ГIаларчу дуьненан чемпион хиллачу Баев Давидана тIехь.
И бахьана долуш, шен йозаллин категорехь (70 кг), Гран-При яьккхина, чемпион хилира цунах. Красноярскан Куьйгалхочун леррина совгIат делира Исраилна (250 эзар сом).
Оццу клубан декъашхоша Жамалов Разамбека а, 74 кг йолчу йозаллин категорехь, дато мидал а, Гран-при а яьккхира, Яхиев Халида а (79 кг), 3-гIа меттиг яьккхира.
Билгалдаккха деза, турнирехь уггаре а дика жамI россихойн хилар (55 мидал), шолгIачу меттехь Монголи ю (12 мидал), японхойн а, чинахойн а – йиъ-йиъ мидал.
А.РАГИМОВА
№9, чиллин (февраль) беттан 4 де, 2020 шо