Велеризмаш

«Айхьа вон ахахь а, мекха дика баккхалахь», – аьлла къаночо ахархочуьнга.
***
«Ас сайн марненан чIогIа сий до, и йолчохь цуьнан йишех «мама» олу», – баьхна нускало.
***
Бирдолаго, дехкашка ун деача, ша олхазар ду аьлла, олхазаршка ун деача, ша дахка бу аьлла.
***
«БIаьрзе велахь а – майра ву, тоьла елахь а – цIа ду», – баьхна мискачу зудчо.
***
«ГIодаюкъ хадарна ца кхерахьара, дуьне а дIатакхор дара ас», – баьхна зингато.
***
«ДIадуьйцург хIун ду а хууш, ша схьа хIун дийца деза а хууш мукъане а хилахьара и сан етт бигнарг», – баьхна шен лачкъийначу аьттан лорах воьдучо.
***
Шена ца везачу кIанта шега йола аьлча, йоIа: «Массо а вогIуш, йогIур ю», – аьлла, иза хьовзош.
***
«Оццул ас къахьегча, сагIа а цалундарий аш?», – аьлла, лома хьалаваханчу сагIадоьхурго.

Т.ДЖАМБЕКОВА
№9, чиллин (февраль) беттан 4 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: