Республикин пачхьенан кIошташна а, царна юкъайогIучу каппашна а нохчийн къоман турпалхойн цIераш тахкаран гIуллакх дийцаре а деш, леррина кхеташо дIаяьхьира Парламентан спикера Даудов Мохьмада.

И болх, хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца дIаболийна бу.
Нохчийчоьнан экономика кхиоран а, бахархойн дехарш кхочушдаран а декъехь бечу белхан юкъарчу жамӀашна лерина масех де хьалха ша дӀаяьхьначу кхеташонехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхинера пачхьенан кӀошташна нохчийн къоман турпалхойн цӀераш тахкаран гӀуллакх, бахархошца дийцаре а деш, талла дезаш хилар.
Соьлжа-ГӀалин мэрана Закриев ИбрахӀимна тӀедиллина дара и гӀуллакх бахархошца дийцаре дар а, цул тӀаьхьа Соьлжа-ГӀалин Думехь чекхдаккхар а.
Шайн цӀераш иэсехь яха хьакъболу турпалхой нохчийн халкъан исторехь дуккха а хиларх ша тешна хилар а хаийтинера Кадыров Рамзана.
Оцу белхан гурашкахь Парламентехь дIаяьхьначу кхеташонехь дакъалецира Соьлжа-ГIалин куьйгалхочо З.Хизриевс, Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пачхьенехула йолчу Урхаллин хьаькама А.Ирасхановс, Нохчийн Республикин Iилманийн академин президента Ш.Гапуровс, Соьлжа-ГIалин кIоштийн префекташа, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалша.
Бан беза болх а, хьалха лаьтта декхарш а дийцаре дина ца Iаш, белхан тоба а кхоьллира кхеташонехь.
Шен къамелехь М.Даудовс билгалдаьккхира Республикин пачхьенан кIошташна а, царна юкъайогIучу каппашна а тахка леринчу нохчийн къоман турпалхойн цIераш къасторехь бахархойн оцу хьокъехь болу лаамаш а, хетарш а тидаме эца дезаш хилар.
И.ИСЛАМОВ
№10, чиллин (февраль) беттан 7 де, 2020 шо