Адамаш алсамдовларца дан дезарш а алсамдовлу
Россин Федерацин цхьа а субъект яц Нохчийчоь санна бахархойн барам сиха алсамболуш. Цу хьокъехь хаам бира хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
«Ткъа оцо, шен рогIехь, лоьху харжаш яр алсамдаккхар, къаьсттина дешаран а, могашаллаIалашъяран а дакъошкахь. Иза хьесапе эца дезаш ду керла бюджет вовшахтухучу хенахь», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Цо дийцарехь, хIокху шарахь оцу декъехь бан лерина Iаламат дукха болх бу.
«Еккъа цхьана къоман проектийн гурашкахь йийр ю 150 сов объект. Царна юкъахь ю 11 юкъарадешаран школин, 6 берийн бешан, 6 ФАП-н, берийн инфекционни комплексан, цхьамогIа кхин а гIишлош. Дан леринарг дерриге а кхочуш а дийр ду», – яздина Кадыров Рамзана соцсетехь йолчу шен агIонехь.
Уьш а, кхийолу гIишлош а яран белхаш тахана дIахьош бу республикин шахьаршкахь а, иттаннаш ярташкахь а.
Кхочушдечу хьаштийн дикалла лакхайоккхур ю
Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима дIаяьхьира социальни декъехь долу гIуллакхаш дийцаре дарна лерина кхеташо.
Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, регионан куьйгалло къаьсттина тидам тIебохуьйту социальни декъана.
«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъаца, дIаса ца таьIаш, хьалхахьа дахаро таро елла республикехь эвсара социальни политика дIаяхьа», – элира Правительствон куьйгалхочо.
Цо дийцарехь, республикин социальни дакъа кхуьуш ду финансийн хьелаш чолхе хиларе хьаьжна ца Iаш.
«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана массо а агIор гIо-накъосталла дар бахьана долуш, тхан аьтто хуьлу бахархошна хьалха бина тIелацамаш буьззина кхочушбан. Делахь а, регион сиха кхуьучу, бахархойн барам хаддаза алсамболучу, туристаш алсамбовлучу хьелашкахь социальни дакъа кхидIа а кхиорна кхачоярхьама деш долу гIуллакхаш алсамдаха деза, церан дикалла лакхаяккха еза», – элира М.Хучиевс.
Правительствон Председатела кхеташонан дакъалацархошна, иштта, тIедиллира регионан Iедало а, федеральни центро а къаьсттина тидам тIебахийтар лоьхуш долу социальни декъерчу учрежденийн проблемийн хьокъехь хаамаш бар.
Тодеш ду электросерлонца кхачояр
Теркан кIоштарчу Беной-Юьртарчу а, Макнерчу а, Iелин-Юьртарчу а бахархошна кестта дицлур ду элекстросерло тоьаш яц бохург хIун ду.
Оцу ярташкара ширделла бIогIамаш, электросерий, трансформаторш хуьйцуш бу «Чеченэнерго» АО-н кIоштарчу сетийн говзанчаш. Болх сиха а, дика а бо цара.
И болх дIаболийна дIадаханчу шеран гIуран (декабрь) баттахь Нохчийн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дуьххьалдIа эфир дIахьочу хенахь, оцу ярташкарчу бахархоша, электросерло тоьаш цахиларца доьзна цуьнга латкъамаш бинчул тIаьхьа.
Электросерло тоьаш цахиларан бахьана дара бахархоша шаьш динчу керлачу цIенош чу шайггара, цхьаьнгга а хоттуш хIума а доцуш, электросерло туьйсуш хилла хилар.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочун тIедиллар кхочуш а деш, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама энергетикашна хьалха декхар хIоттийра, йоццачу хенахь, электросерлонца бахархошна кхачояр хила деззачу тIегIанехь хилийтар тIедуьллуш.
И декхар кхочушдар дIахьош бу тахана энергетикаш.
34 миллион сом – ФАП-ш ярна
Нохчийн Республикехь «МогашаллаIалашъяр» къоман проект кхочуш а еш, билгалдеш ду вай долчохь фельдшерийн-акушерийн 6 пункт а, фельдшерийн 1 пункт а ярна 34 миллион сом ахча хьажор. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийчоьнан МогашаллаIалашъяран министерствон капитальни гIишлошъяран декъан хьаькама Магомадов Зайналбека.
«ХIокху цхьана шарахь цхьаъ фельдшерийн а, пхиъ фельдшерийн-акушерийн а пункташ ян дагахь ду тхо республикехь. Царах цхьаерш лаьмнийн кIошташкахь а йийр ю. Уьш ярна ахча федеральни бюджетера лур ду. Ширъеллачу, йоха гергаяханчу гIишлойн метта йийр йолуш ю пункташ», – кхетийра З.Магомадовс.
Цо дийцарехь, ФАП-шкахь фельдшеран а, акушеран а, маха тохаран а, лазархочуьнга хьажаран а кабинеташ хир ю.
«Къоман проект кхочуш а еш, 2019-чу шарахь Нохчийчохь пхи ФАП а, йиъ ФПА йина», – билгалдаьккхира З.Магомадовс.
Дагадоуьйту «МогашаллаIалашъяр» Къоман проект вайн махкахь 2024-гIа шо тIекхаччалц кхочушйийриг хилар.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службин гIоьнца хаамаш зорбане кечбинарг – Хь.САИДОВ
№10, чиллин (февраль) беттан 7 де, 2020 шо