Иракан Iедалан эскарша а, церан гIолоцуш болчу бахархоша а Акбар провинцера а, Рамади гIалара а лахка болийна «Исламан пачхьалкхан» бандиташ.
***
Шеман тIеман-хIаваан ницкъийн кеманаша бомбанаш, ракеташ йиттина мехкан къилбаседехь йолчу «Исламан пачхьалкхан» гIеранийн базашна. Цигахь лаххара а 140 зуламхо хIаллаквина.
***
Мексикехь а, США-н къилбехь а чIогIа догIанаш даьхкинчул тIаьхьа хиш дистина, уьш ярташка хьаьвдда. Iаламан оцу бохамехь 20 стаг кхелхина.
***
Индехь тIаьхьарчу кхузткъа шарахь хилла йоцу йовхо лаьтта ши кIира хан ю. Цигахь температура 47 градусе кхаччалц хьалаяьлла. Наха бала хьоьгу мала хи тоьаш ца хиларна. Йовхонна кхелхинарш 400 гергга бу.

***
Иранехь дов хатта долийна шпионалла лелорна бехкевеш волчу США-н гражданинан Р.Джейсонан. Иза бехказаваккха гIерта Iамаркан адвокаташ.
***
Пакистанан малхбалехь цIерпошт эккхийтина. Оцу бохамехь ткъех стаг велла, лазийнарш а бу. Зулам дарх долу жоьпалла тIе ца эцна махкарчу экстремистийн цхьана а боламо.
***
Канадин къилбаседерчу хьаннашкахь яккхий цIерш евлла. Уьш ярташна герга гIерташ хиларца доьзна, пхи эзар сов стаг кхечу меттигашка ханна дIакхалхийна.
***
Украинин Iедалан эскарша стомара 41-зза даккхий герзаш диттина Донецкан а, Луганскан а областашкарчу гIаланашна а, ярташна а. И бахьанехь маьрша кхо стаг велла. Царах цхьаъ бер ду.
***
Россин Президента В.Путина дакъа а лецира, къамел а дира мехкан бизнес-форумехь. Цо предпринимательшка кхайкхам бира бизнесехь жигаралла гайта аьлла.
***
Мехкан Куьйгалхо В.Путин цхьаьнакхийтира «Комсомольская правда» газетан коьртачу редакторца В.Сунгоркинца.
***
Россин Премьер-министра Д.Медведевс дакъалецира физикин-математикин институтехь Технопарк схьайоьллучохь.
***
Россельхознадзоро дихкина США-ра котамаш а, инкубаторан хIоаш а Росси дар а, кхузахь дохкар а.
***
Герггарчу деношкахь Сочи а, цигара юха Кавминводашка а лела дуьйлалур ду «Ласточка» цIерпошташ. Уьш аьхна хилла ца Iаш, чехка а лела. СадаIа боьлхучарна мехала ду иза.
еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58