Нохчийчоь: кхиаран анайисташ / 11.02.2020

Республикин Прокуратурин 20 шо кхаьчна

Соьлжа-ГIаларчу театран-концертийн зала чохь даздаран хьолехь дIадаьхьира Нохчийчоьнан прокуратурин 20 шо кхачар билгалдаккхар. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цо республикин прокуратурин белхахой декъалбира прокуратура вовшахтоьхна 20 шо кхачарца.

Регионан Куьйгалхочо билгалдаьккхира прокуратура вовшахтохар чолхечу а, кхерамечу а хьелашкахь дIадаьхьна хилар. Цу хенахь Нохчийчохь къизалла лелош яра дуьненаюкъара терроризм.

«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас йоккха хазна юкъайиллина прокуратура вовшахтохарна а, когахIотторна а. Прокуратуро мехала маьIна лелийна вайн регионехь машар а, кхерамазалла а хилийтарехь, законе а, Iедале а болу тешам меттIахIотторехь. Абдул-Кадыров Шарпуддин куьйгаллица вайн терголатторан орган махкахь а уггаре а тоьллачех цхьаъ хилла дIахIоьттина», – элира Р.Кадыровс.

Ткъа Ш.Абдул-Кадыровс дийцира республикин прокуратурин органаш вовшахтохаран а, чIагIъяран а муьрех лаьцна а, тахана прокуратуро беш болчу балхах лаьцна а.

Даздар дерзийра вайн эстрадин артистийн концертаца.

Инвестицийн проектийн юкъара мах – 2,5 миллиард сом

Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим цхьаьнакхийтира Дерригдуьненан Махлелоран Банкан (ВТБ) Къилбаседа-Кавказан Федеральни округехь волчу урхалхочуьнца Дыренко Александраца а, ВТБ-н «Грозный» ПАО-н операционни офисан директорца Саидов Ахьмадца а.

Цара дийцаре дира Нохчийчохь инвестицийн проекташ кхочушъяран хьокъехь долу гIуллакхаш. Ша аьлча, цигахь дийцаре дира вайн республикехь 1 200 етт дIахIоттор болу шурин-товаран фермин шурин кластеран 2-гIа рагI яран а, 10 эзар тонна стоьмаш Iалашбойла яран а хьокъехь долу гIуллакхаш. Церан юкъара мах 2,5 миллиард сом сов хир бу. И проекташ кхочушъяро таро лур ю белхан 160 меттиг кхолла.

Цхьаьнакхетар чекхдаьлча Хучиев Муслима Нохчийн Республикин экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министрана Идрисов ИбрахIимна тIедиллина ВТБ-ца цхьаьна оцу проекташна кредиташ къасторан гIуллакх цхьалхадаккхар.

Иштта, и проекташ юкъаяхийтина «2016–2025-чуй шерашкахь Нохчийн Республика социально-экономикин кхиоран» подпрограммина а, регионан инвестицийн коьртачу проекташна а.

200 сов доьзална хIусамаш лур ю

Вайн республикин ГIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствехь билгалбаьхна керла хIусамаш лур йолу бахархой. Церан цIераш дIаязйина. Цу юкъабахана 200 сов доьзал. Цу хьокъехь хаам бира министран заместитела Ибрагимова Алисас.

«Таханлерчу дийнахь билгалваьккхинарг верриге а 812 стаг ву я 225 доьзал. Царна юкъахь бу токхамаш хуьлучу меттигашкахь, тишачу хIусамашкахь Iаш берш а, ткъа иштта, къона доьзалш а, Чернобылерчу АЭС-хь хила бохам дIабаккхарехь дакъалоцуш хилларш а», – элира А.Ибрагимовас.

Пачхьалкхан программица билгалдеш ду бахархошна еа подпрограммица гIишлошъяр а, гIишлошкара хIусамаш эцарехь гIо дар а.

ХIокху подпрограммица деш ду и мехала гIуллакх: «Нохчийн Республикехь токхамаш хуьлучу меттигашкахь Iаш болу бахархой дIакхалхор»; «Къоначу доьзалшна хIусамашца кхачояр»; «Тишачу цIеношкара бахархой дIакхалхор»; «Чернобылерчу АЭС-хь хилла бохам дIабаккхарехь дакъалаьцначарна хIусамашца кхачояр».

2019-чу шарахь министерствос кхочушъеш йолчу социальни-хIусамийн программийн гурашкахь керла хIусамаш оьцуш пачхьалкхо гIо дина 3 эзар сов стагана.

Мехах лелон машенаш лур ю «Avis»-о

Машенаш мехах лелон яларан хьашташ кхочушдеш йолчу Дуьненаюкъарчу «Avis» компанис шен офис схьайоьллур ю Соьлжа-ГIалахь. Къилбаседа Кавказехь а яц оцу тайпа офис. Оцу хьокъехь барт хилира Нохчийн Республикин туризмехула волчу министран Байтазиев Муслиман а, «Avis» компанин коьртачу директоран Карреньо Алехандрон а.

«Avis» – иза тайп-тайпана машенаш йоццачу а, еххачу а ханна лело Россехь а, дерриге а дуьненахь а аренде луш йолу компании ю. Россин яккхийчу гIаланашкахь а, ткъа иштта, 170 пачхьалкхехь а ю оцу компанин офисаш. Бакъду, Къилбаседа-Кавказан федеральни округехь хIинццалц хилла яц «Avis» офис.

Оцу компанин офис Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь хир ю. Иза хIокху бIаьста схьаелла ойла ю.

«ХIара шо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийчохь туризман шо ду аьлла, дIакхайкхийна хиларца доьзна, тхуна Iаламат чIогIа мехала ду автомашенаш аренде луш волу дуьненаюкъара оператор вайн республикехь хилар. Оцо таро лур ю регионан туризман декъехь долу хьал тодан а, туризм кхио а», – бохура министра.

Хь.САИДОВ
№11, чиллин (февраль) беттан 11 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: