Кадыров Рамзан: Нохчийн мотт бийцина ца Iаш, ойла а нохчийн маттахь ян Iама дезаш ду вай

Вайн уггаре а коьртачу декхарех цхьаъ хила деза нохчийн мотт бийца Iамор, цуьнга марзо кхоллар. Цу тIехь болх бан а беза вай.

Тахана паргIат и бийца хууш, цуьнан бакъонаш евзаш берш баккхийчарна юкъахь бен бац. Кегийрхой чIогIа ледара болх беш бу нохчийн мотт Iаморна тIехь.

Вай тоьлла хьелаш кхолла деза вайн тIекхуьуш йолчу тIаьхьене нохчийн мотт Iамабайта, хьокъала доллучу тIегIане даккха деза дешаран гIуллакх.

Нохчийн мотт бийцина ца Iаш, ойла а нохчийн маттахь ян Iама дезаш ду вай…

КАДЫРОВ Рамзан, Нохчийн Республикин Куьйгалхо
№11, чиллин (февраль) беттан 11 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: