ЗIаьнарийн диагностикина лерина конференци

Соьлжа-ГIаларчу доьзалан «Аймед» клиникехь зIаьнарийн диагностикина лерина «IMED Radiology» Iилманан-практикин конференци дIаяьхьира чиллин (февраль) беттан 3-чу дийнахь.

Россин Федерацин медицинин а, Iилманан а тоьллачу туьшашкара эксперташ-говзанчаш а, векалш а, Къилбаседа-Кавказан федеральни округера 50 сов лор-рентгенолог а вара цигахь дакъалоцуш.

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана конференци дIайолош билгалдаьккхира: «ХIокху тайпа конференци оьшуш хилар а, иза дIаяхьа езаш хилар а профессорца Синицин Валентин Евгеньевичца оха дийцаре дина масех шо а даьллера, хIинца кхочушхилла тхан лаам. Ткъа хIара доьзалан «АйМед» клиникехь дIаяхьар – иза а – республикехь кхочушъечу инвестицин программех цхьа проект ю. Кхузахь дIахьочу белхан эвсаралле хьаьжча, проектан кхиам бу аьлла хета суна. «АйМед» клиника дика майда ю Россин Федерацера тоьлла говзанчашна цхьаьнакхета а, вовшашна зеделларг довзийта а».

Москван пачхьалкхан университетан Фундаментальни медицинин факультетан зIаьнарийн диагностикин курсан куьйгалхочо, медицинин Iилманийн доктора, профессора, Ерригроссин рентгенологийн а, радиологийн а юкъараллин президента Синицин Валентин Евгеньевича элира: «ХIара боккха хилам бу, Нохчийн Республика сихачу боларца кхуьуш хилар тIечIагIдеш болу. Тхаьш кхузахь яьккхинчу йоццачу хенахь а гуш бу тхуна и кхиамаш».

Конференцин дакъалацархоша йийцаре йира «Лучевая диагностика опухолей головного мозга», «Лучевая диагностика дегенеративных изменений позвоночника, «КТ и МРТ сердца с практической точки зрения» теманаш.

Цигахь динчу жамIех цхьаъ дара «IMED Radiology» диагностикин «АйМед» клиникин а, Москварчу «К+31» клиникийн сетаца а телемедицина кхиорехь барт бар.

«К+31» диагностикин туьшан куьйгалхочун Подтетенев Дмитрий Сергеевичан дIадолорца кхочушдийр ду и гIуллакх. ХIинца дуьйна «АйМед» клиникехь беш болчу талламийн мах хадор бу Москварчу говзанчаша.

Вайн республикин а, СКФО-н а рентгенологашна а, радиологашна а пайдехь, чулацаме программа яра конференцехь кхочушйинарг.

З.ЦОНТРОЕВА
№11, чиллин (февраль) беттан 11 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: