Ракана дуьхьалояран дуьненаюкъарчу союзан дIадолорца Онкологин цамгаршца къийсам латторан дерригдуьненан де 2005-чу шарахь дуьйна билгалдоккхуш ду дуьненахь хIора шарахь чиллин (февраль) беттан 4-чу дийнахь.

Вайн заманахь уггаре а йоккхачу оцу проблемина юкъараллин тидам тIебахийтар а, адамаш раках кхалхар ницкъ кхочучу барамехь лахдалийтаран некъаш лахар а ю и де билгалдаккхаран Iалашо.
Рак – иза адаман дегIан муьлххачу меженца хуьлуш йолчу 100 сов цамгаран юкъара цIе ю. Сиха кхуьуш а, ораман зIийдигаш дебаш, дIайоьлхуш цамгарш ю уьш. Оцу процессах метастазаш олу. ТIаккха Iожалле дуьгу цо адам (Дала Iалашдойла дойла цунах).
Вайн заманан говзанчашна билгалдевлла и цамгарш гучуйовларан бахьанаш. Цундела, онкологино лаьцначу адамашлахь, кхоалгIа дакъа даьккхина а кIелхьарадакхха ницкъкхочу. Юьххьехь хенахь карийначу ракана дарба далуш ду. Лоьраша дийцарехь, 40 процент рак тонка цаозаро юхатухуш ю.
Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон Онкологин диспансеран куьйгалла ницкъкхочург деш ду онкологин цамгарш йолчу вайн республикин бахархошна гIо даран службин болх тобарехь.
Онкологин цамгаршца къийсам латторан Дерригдуьненан де тидамза ца дуьту Онкологин диспансеран лоьраша. ХIора шарахь Йиллинчу неIарийн де дIахьош ламаст ду диспансерехь.
МогашаллаIалашъяран министерствон а, Онкологин диспансеран а социальни сеташкахь йолчу агIонашкахь кхайкхамаш бинера вайн республикин бахархошка Йиллинчу неIарийн де дуй хоуьйтуш а, шайн могашаллина талламаш байта лаам болчу нахе кхойкхуш а.
ХIокху шарахьлера Де онкологин цамгарийн уггаре а дукха яьржаш йолчу дакъошна талламаш барна лерина дара. Уьш бара маммологин, гинекологин, урологин, дерматологин дакъошкахула болу диагностикин талламаш.
Чиллин (февраль) беттан 4-чу дийнахь республикин Онкологин диспансерехь республикин бахархошна 4 сохьтехь маьхза онкологийн консультацеш а, УЗД а, рентген а, маммографи а йира. Шайн могашаллах дерг хаа лууш, бIенашкахь адамаш хилира диспансерехь.
Цул сов, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министран Сулейманов Эльханан тIеддиларца республикин кIошташкарчу больницашкахь а дIадаьхьира Йиллинчу неIарийн денош: Нажи-Юьртан кIоштахь – чиллин (февраль) беттан 4-чу дийнахь а, Соьлжа-ГIаларчу №2 а, №5 а йолчу поликлиникашкахь а, 6-чу дийнахь – Веданан кIоштарчу больницехь а, 7-чу дийнахь – Невран кIоштан больницехь а.
Республикин Онкологин службин болх кхечу регионашкахьчул а дика кхуьуш бу, оцу тIехь доккха накъосталла деш вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а ву.
Нохчийн лоьрийн-онкологийн хаарш лакхадахаран Iалашонца беш белхаш бу. Цара шайн хаарш тIедузу дуьненаюкъарчу конференцешкахь, семинарашкахь, Россехь а, дозанал арахьа а дIахьочу говзалла лакхаяккхаран курсашкахь.
З.ЭЛЬДАРОВА
№11, чиллин (февраль) беттан 11 де, 2020 шо