Дукха жима йолуш евзина вайн махкахошна эшаршлакхархо Исаева Iайнаъ.

Хьалха-Мартан кIоштарчу нохчийн ширачу юьртара ГIойтIара ю иза. ГIойтIахь 2000-чу шарахь, шен ворхI шо кхаьчча, №1 йолчу школин юьхьанцарчу классе деша яхара.
Школехь доьшуш йолуш гучуевлира Iайнаан вокалан таронаш. 15 шо а ца кхаьчнера цуьнан 2008-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу «Къона седарчий» музыкин проектехь дакъалоцуш.
Цхьа шатайпа исбаьхьачу башхаллица декаш дара йоьIан зевне аз. Проектан дакъалацархой кхул масех шо бакхий хиллехь а, 3-гIа меттиг яьккхира цо, ша дуьххьара дакъалаьцначу музыкин проектехь.
Кхин цхьа ирсе киртиг хилира Iайнаан дахарехь. Дуьненна вевза кинорежиссер Сокуров Александр вара Нохчийчохь 2007-чу шарахь, ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайн махкахь кхихкинчу тIамах лаьцна исбаьхьаллин фильм йоккхуш.
Коьртачу турпалхочун, хьаькамаша тIеман цIерга кхоьссинчу оьрсийн кIентан ненан васт кхуллуш яра СССР-н халкъан артистка, эшаршлакхархо Вишневская Галина.
Цунна хезна хиллера вайн къоначу махкахочо йиш локхуш. ЙоьIан исбаьхьачу озо йийсаре лаьцна хиллера оперин сценин говзанча. Цо шен тергоне схьаэцна хиллера йоI. Цуьнан хьехарца яхара Iайнаъ Москварчу консерваторин колледже деша.
Москва деша яхале цо Ерригроссин, Дуьненаюкъарчу музыкин фестивалашкахь дакъалаьцна, толамаш баьхна, ша говза эшаршлакхархо хилар гайтинера.
«Ярославские гуляния», «Союз талантов России», «Хрустальная магнолия», иштта кхиерш а яра Исаева Iайнаа дакъалаьцна, толамаш баьхна музыкин фестивалаш.
Деа шарахь колледжехь дийшира вайн махкахочо. ТIаккха, кхин а пхеа шарахь оьрсийн сийлахьчу композиторан Чайковский Петр Ильичан цIарахчу консерваторехь дийшира. Кхиамца иза чекхъяьккхина, 2018-чу шарахь цIайирзина Iайнаъ.
Римский-Корсаков, Чайковский, Рахманинов, Глиэр, Пуччини, Верди, иштта дуккха а кхиболчу дуьненна гIарабевллачу композиторийн говзарш ю къоначу эшаршлакхархочун репертуарехь. Цхьаьнничух а тера доцучу шен исбаьхьачу озаца кхочушйо артисткас уьш.
Делахь а, вайн махкахойн къаьсттина самукъадолу Iайнаа нохчийн эшарш локхуш. КIезиг яц цуьнан репертуарехь нохчийн къоман эстрада серлайоху башха эшарш а. ЛадогIархойн дегнаш делош, лерса хьостуш дека Iайнаан зевне аз.
ХIинцале масех сольни концерт яла кхиъна иза.
Вайн махкахошна мерза кхаъ хилира Iайнаана «Нохчийн Республикин хьакъйолу артистка» сийлахь цIе елча.
А.АРАПХАНОВА
№11, чиллин (февраль) беттан 11 де, 2020 шо