Республикин «Синмехаллаш» телепроектан XII-чу фестиваль-конкурсехь дакъалоцуш хинйолчу кIоштийн, гIаланийн культурин урхаллийн а, отделийн а командийн къийсадаларийн къепе къаьстина.

Оцу гIуллакхехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди а, цуьнан хьалхара заместитель Милькиев Рустам а, «Синмехаллаш» телепроектан куьйгалхо Шаймсудинов Эзар-Iела а, кIоштийн а, гIаланийн а культурин урхаллийн а, отделийн а куьйгалхой а.
Кхаж тесначул тIаьхьа билгалделира муьлха команда муьлхачуьнца къовсалуш хир ю. Иштта екъаелла командаш: Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департамент – Гуьмсан кIоштан культурин урхалла; Теркан кIоштан культурин урхалла – Шелан кIоштан культурин урхалла; Эна-Хишкан кIоштан культурин отдел – Хьалха-Мартан кIоштан культурин отдел; Веданан кIоштан культурин отдел – Итон-Кхаьллан кIоштан культурин отдел; Шуьйтан кIоштан культурин отдел – Устрада-ГIалин культурин урхалла; Шаройн кIоштан культурин отдел – Шелковски кIоштан культурин урхалла; Курчалойн кIоштан культурин отдел – Нажи-Юьртан кIоштан культурин отдел; Невран кIоштан культурин отдел – ТIехьа-Мартан кIоштан культурин отдел – Грозненски кIоштан культурин отдел.
Конкурсехь командаша шайн а вокалан а, халкъан музыкин а гIирсаш лакха хааран говзалла гайта еза, ткъа иштта, нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ довзуьйтуш язйинчу сценарешна инсценировкаш хIитто а еза.
Хьалхарчу турехь ерриге а командаш хир ю дакъалоцуш.
Цунна тIе тидам а бохуьйтуш, министра Дааев Хож-Баудис билгалдаьккхира: «Вайна хууш ма-хиллара, «Синмехаллаш» проект нохчийн Iадаташ, гIиллакхаш, ламасташ довзийтаран Iалашонца дIахьош ю, къаьсттина кегийрхойн дуьхьа. Цундела, вайн декхар ду проектан дакъалацархошна сцени тIехь оьрсийн дешнаш юкъа а ца далош, нохчийн мотт цIена бийца Iамор а, нохчийн шира дешнаш юкъадалош, ненан меттан хазалла, таронаш, ницкъ бовзийта хьажар а. Баккхийчу нахана, телехьовсархошна къоман мотт карлабалар а хир ду, кегийрхошна мотт бовзар а хир ду».
Дагадаийта лаьа: 2019-чу шарахь дIаяьхьначу Нохчийн Республикин «Синмехаллаш» телепроектан ХI-чу фестиваль-конкурсехь хьалхара меттиг яьккхира ТIехьа-Мартан кIоштан командо, шолгIа меттиг – Хьалха-Мартан кIоштан командо, кхоалгIачу меттехь яра Эна-Хишкан кIоштан команда, ткъа йоьалгIа меттиг кхечира Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан командина.
ВЕГИЕВА Макка
№11, чиллин (февраль) беттан 11 де, 2020 шо