– Вай махках даьхна кхуза охьакхиссича дара иза. Дуьйцуш хезна а хир ду хьуна и денош. Къиза, диц дан йиш йоцуш ду уьш. Шийлачу вагонаш чу а доьхкина, лийриг новкъахь лайла охьа а кхуссуш, висинарг висина а волуш, кхечира вай хIокху махка. ТIом бара лаьтташ, мацалла яра… Хала шо дара иза…

Масех минот елира Хизар кхин вист ца хуьлуш. Цуьнга хьаьжжинчохь Iара Ваха.
«Вон-м ца хилла техьа дена?» – бохург оьхура дага. Хизара къурд бира…
– Дада, хьан хIумма а лаза-м ца яьлла? – къинхетаме хаьттира Вахас. – Хьо вист ма ца хуьлу?
– ХIумма а ца лозу, – ши бIаьрг схьабиллира Хизара, – вало, дIагIо, тIаккха дуьйцур ду вайшимма.
Ша паргIат витарх ца тешаш, сихвелла араиккхира Ваха.
Юха а ойланашка вахара Хизар. Цкъа вулий ша цхьанна харцо йича санна, холчухIуттура, тIаккха, ша динарг муьлххачу а бусалба стага дийриг хиларх тешара. Хьалха Дела, шолгIа ша бахьанехь дийна висина хетара цунна Ваха… Цуьнан ойла йича, мелла а паргIатдолура дог.
– Шу ма тийна Iаш ду! – Хизар ойланех юкъахваьккхира чувеаначу Шовхала.
– ХIун ду кхузахь?
– ХIумма а дац. Дика ду хьо веана… – Сингаттаме хIума-м дац? Хьо ма ойлане хета суна.
– Шовхал, – ши бIаьрг ойлане бара Хизаран, – оцу кIентан дог дохо ца лууш дIавахийти ас, со дийца воьлларг ца дуьйцуш. ДегI даьккхинехь а, жима ма ву иза…
– Ахь мила вуьйцу? – ца кхеташ хаьттира Шовхала.
– Ваха вуьйцу… Иза воккха а хилийтина дуьйцур бохуш Iийнера со. Амма, Дела воцчунна, хууш дац со цу хене ваьр я цаваьр.
– Дийцахьа, хIун ду иза дан мукъане?
Да шега дийца гIертарг цхьа къайле йолуш хIума хиларх шекваьлла, Шовхал тидаме ладогIа хIоьттира. Кхунна хууш дацара Вахин кхолламах. Хуийла а дацара, ткъа Марет и хаъал яцара цу шарахь. Шен дагахь Ваха, ша эскарехь волуш, винчха Iаш вара Шовхал.
– БархI стаг вара церан доьзалехь…, – меллаша дийца волавелира Хизар.
– Хьенан доьзалехь? – ца кхетара Шовхал.
– ЛадогIал ахь. Цхьаъ вукхул жима а долуш, ялх бер дара церан. Дуьххьара вай Iийначу цIеношна дуьхьал яра цара денош даьхна лаппагIаш. Хала шо дара иза, Шовхал, – доккха садаьккхира Хизара, – вайца хIокху гIала кхаьчначех дийна бисинарш ах хир бац. Оцу хьалхарчу деношкахь дIасаволуш гора суна церан да Сулим. Хьал-де хоттура, дан долу гIо дора. Иштта Iаш дара тхо. Юха, масех де делира суна Сулим ца гуш.
Йоьллуш хаалуш яцара церан цIийнан неI. Чохь болчаьрга хаьттира ас, СулимгIарах хIокху деношкахь дIасаволуш стагга а гиний шуна, аьлла. Цхьанна а гина ца хиллера царах цхьа а.
Даг тIе шеко еара, цхьаъ хилла техьа царна, аьлла. Со неIаре вахара. Доккха ло дара диллина. Стаг дIасавахана а, неI йиллина а гуш лар яцара. ТIе а вахана, неI туьйхира ас.
«Сулим! Сулим!» – бохуш, шозза-кхузза мохь туьйхира. Луш жоп дацара. ДIасатоьхна-тоьхна неI схьа а йиллина, чоьхьавелира со.
Лаьттан цIенкъахь моггIара Iуьллуш бара Сулимин боккха доьзал. Берриге а мацалла беллера уьш…
Хизаран юьхьа тIе баьллачу луьстачу чонах тийсалуш сецира хин тIадам.
– Гинчо холчухIоттийна, араволуш воллучу суна, царна тIетесна долу юргIа цхьана маьIIера меттахъхьовш санна хийтира. Цу агIор дIахьаьжжинчохь сецира со. Меттахъхьуьйш дара юргIа.
Сихвелла тIе а вахана, юргIа хьалаайира ас. Елла Iуьллучу ненах хьаьрчина, велха де доцуш, Iуьллуш кIант хиллера иза.
Катоьхна, сайна тIера тужурка схьа а яьккхина, оцу юкъа а хьарчийна, иза а вохьуш цIа веара со.
Царах валаза висинарг Ваха вара. Иза вехийла лууш тиллира ас цунна Ваха аьлла цIе. Цуьнан бакъйолу цIе хууш стаг вац.
ДАДАШЕВ Iабдуллин «Цакагбелларш» романа юкъара кийсак, 420-агIо
№11, чиллин (февраль) беттан 11 де, 2020 шо