Иза гIебарто вацара

Малгобекехь Iаш волчу нохчичун Энгиноев Эдун доьзалехь 1919-чу шарахь дуьнен чу ваьлла Дуда гIебарто хуьлийла дацара. Да а, нана а нохчи дара цуьнан. Амма буьрсачу тIамехь бIаьхаллин хьуьнарш гайтарна, хьакъдолчу тIеман совгIатийн декъах Дуда ца ваккха, хьаькамаша «гIебарто» яздинера кхуьнан кехаташ тIехь (документаш).

Иштта, рогIера совгIат далар доьхуш, ротин командира, капитана Степаненкос, 1945-чу шеран чиллин (февраль) баттахь, оьрси ву аьлла, язвинера Энгиноев Дуда.

Вайнах Iазапехь латтош, Iедало дерриге а халкъ емалден хенаш ю уьш. Хьакъ доллу совгIат луш дацара нохчашна. Цара мостагIчуьнца тIом мидалшка, орденашка сатуьйсуш ца бина. Уьш деэшначу Даймахко орцадаьккхича, цуьнан сий мостагIчуьнга ца хьашийта гIевттина, тIаме хIиттина бара. Шайн могашалла, дегI, синош ца кхоош, мостагIех леташ бара.

Вайна цкъа а бицлур боцчу турпалчу кIентех цхьаъ ву Малгобекера Энгиноев Дуда. Кехаташ тIехь хьаъа, хIуъа яздинехь а, Дудас цкъа а диц ца дина ша нохчи хилар.

1939-чу шарахь дуьйна ЦIечу Эскарехь бIаьхаллин некъаш гездеш вара вайн махкахо.

1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болалуш, лакхара сержант Энгиноев Дуда дошлойн 125-чу дивизина юкъахь хиллачу 165-чу ротерчу цхьана взводан командиран гIоьнча вара.

ТIом дIаболабеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна тIамехь дакъалоцуш вара. Ротин командир хиллачу лакхарчу лейтенанта Адурюковс яздарехь, 1944-чу шеран товбецан (сентябрь) 21-чу дийнахь Роквери гIалин йистошца ша куьйгалла дечу тобанца талларехь (разведкехь) волчу Энгиноев Дудина юхабовлучу немцойн арданг тосаелла. Уьш, мел тебна боьлхуш хиллехь а, кхуьнан тобанал уьттазза дукха хиллехь а, царна тIаьхьара ца волуш, вайн махкахочо уьш тIамна юкъаозийна.

Дудин хьекъал, доьналла бахьанехь йийсаре валийна 1 200 немцойн салти, шайна юкъахь эпсарш болуш, цаьрга герз охьадиллийтина.

Таллин гIала мостагIех паргIатйоккхуш, массарал хьалха оцу гIали чу кхаьчнарг Дудин тоба ю. Цигахь цо йийсаре валийна немцойн 50 салти а, эпсар а.

Цунна хьакъ ю «ЦIечу Седанан орден» бохуш, яздо Андуковс шен рапортехь. Амма вайн махкахочунна «Орден Славы» бен ца ло. Цул хьалха а, иштта, бIаьхаллин хьуьнар, доьналла, майралла гайтинчу Дудина елла шиъ «Орден Славы» яра. ХIинца оцу орденийн вуьззина кавалер вара иза. «ЦIечу Седанан Орден» йоцуш а ца витира иза.

1944-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь дуьйна вайн турпала махкахо разведвзводан командир вара. Полкехь а тоьллачарах лоруш яра цо куьйгалла ден взвод. Царах тешадора уггаре а чолхе декхар. Шайна тIедехкинчу декхаршца кхиамца ларабора Дудин бIаьхой.

1945-чу шеран кхолламан (январь) беттан хьалхарчу деношкахь Берлине боьдучу новкъахь бара ЦIечу Эскаран бIаьхой. Дуьхьало чIогIа йора хIаллакьхила герга баханчу немцоша. ХIора юрт, урам, цIа тIамца даккха дезаш хуьлура. Кест-кеста «мотт» оьшуш меттиг йогIура. Иштта хилира 1945-чу шеран кхолламан (январь) беттан 28-чу дийнахь а.

Командираша, чукхайкхина, «мотт» оьшуш хилар хаийтира Дудина. Юххерчу юьрта вахана, немцойн цхьа эпсар йийсаре валон везаш хилар дара иза.

Шен тоба вовшахтуьйхира взводан командира. Дан дезарг дийцира. Командира аьлларг дина, бIаьрнегIар ца тухуш, бала а кийча бара бIаьхой.

МаьркIажан бода къовлабаларца, луларчу юьрта баха новкъа бевлира разведчикаш. Кхо гуо бина лаьттачу герзах боьттинчу гIашсалташна юккъехула тIекхача дезара немцойн эпсарна. Дуьйцийла йоццуш хала гIуллакх дара иза. Амма хьалхаваьлларг Нохчийчуьра Энгиноев Дуда вара. Ткъа иза шена тIедиллина гIуллакх кхочуш ца деш юхавирзина вацара.

Сохьтехь сов тIом бира Дудин взводо, хIорш тосабелла, дуьхьало ян гIоьртинчу немцошца. Ткъа тIом, мел буьрсаниг а, вайн махкахо бан Iемина вара. 100 сов фашист хIаллаквина, итт эпсар йийсаре валош, юхайирзира разведчикийн взвод.

Берриге а цецбевллера вайн махкахочо гайтинчу бIаьхаллин хьуьнарх. Цунна хьакъдоллу совгIат далийта яздинера командира Москва дIадохьуьйтучу кехаташ тIехь Дуда гIебарто ву аьлла. Цуьнан тIеман накъосташна хаьара иза гIебарто воций, нохчи вуй.

Уггаре а коьртаниг, массо а нохчи санна, яхь йолуш, майра бIаьхо, хьуьнаре разведчик Энгиноев Дуда хилар хууш дара цуьнан тIеман накъосташна.

1945-чу шеран хIутосург (май) беттан 1-чу дийнахь елира Дудина «ЦIечу Седанан Орден».

ГАЗИЕВА Аза
№11, чиллин (февраль) беттан 11 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: