Хьуьнан бахаман дозанаш къастор ду

Кхин цхьа а новкъарло ца хилахь, хьуьнан бахамийн дозанаш къасторан болх карарчу шарахь чекхбоккхур бу.

Республикехь дIаболийна оцу декъерчу проекта тIехь белхаш. ТIаьхьарчу 37 шарахь дуьххьара беш бу и болх. Цуьнца нийса а догIуш, республикерчу хьуьнан 15 бахаман дозанаш къасторо аьтто бийр бу дечиган тIаьхьалонаш ларъян а, Iаламан бохамех уьш Iалашъян а, и.дI.кх.а. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн а, гуонахара хьал лардаран а министерствон Хьуьнан бахаман департаментан директора Тушаев Лоьмас.

«Рослесинфорг-о» кечамбаран белхаш хьуьнан 6 бахамехь хIинцале а дIабаьхьна. Уьш бу: Эха-Борзера, ТIехьа-МартантIера, Соьлжа-ГIалара, Гуьмсера, Веданара, Неврера хьуьнан бахамаш. Цу юкъа догIу хаамаш гулбар, картографин материалаш кечъяр, аэрокосмосан суьрташ дахар. ШолгIа мур – лаьтта тIехь болх бар. 2022-чу шеран чаккхенехь республикерчу хьуьнан 15 бахамехь и белхаш чекхбохур бу, – хаийтина цо.

Цо билгалдаккхарехь, лакхахь а аьлла махиллара, карарчу шарахь чекхбаккха лерина хьуьнан бахаман дозанаш къасторан болх.

Оцу декъера болх, карарчу хенахь, хьуьнан 11 бахамехь хIинцале чекхбаьккхина, бахаман дозанаш дIасацабахьалучу бахаман пачхьалкхан цхьааллин реестрана (ЕГРН) чу даьхна. Дозанаш къастоза бисинарг кхин а 4 бахам бу. Республикин хьуьнан бахамна доккха маьIна долуш болх бу иза, хIунда аьлча, хIора а инспектор, хIора а хьуьнахо хууш хир ву ша Iуналла ден майда муьлханиг ю а, ша стенах жоп луш ву а, – дийцира Тушаев Лоьмас.

Билгалдаккха догIу оцу декъера белхаш, республикехь, тIаьххьара 1983-чу шарахь дIабаьхьна хилар.

Нохчийн Республикерчу хьуьнан бахаман фонд 366,7 эзар гектар сов ю.

И.ИСЛАМОВ
№12, чиллин (февраль) беттан 14 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: