Туристашна лерина итт хьехар

ХIора шарахь, аьлча а, аьхкенан муьрехь, гучуюьйлу цхьана дийнан туризман фирмаш (фирмы-однодневки). ШолгIачу дийнахь шайн лар а ца юьтуш, бахархойн ахчанашца къайлаюьйлу уьш. Цул тIаьхьа, шайн ахча юхадерзорхьама, суьдехула лела безаш хуьлу бахархой. Хетарехь, тешам боцу фирмаш хьалххе къастор атта ду, тIаьхьа суьдехула лелачул а.

Цундела, лахахь довзуьйту туристашна лерина долу итт хьехар. Церан гIоьнца туристаш санна баха-бахка дагахь болчу республикин бахархойн а таро хир ю тешам боцу туризман операторш я фирмаш хьалххе къасто.

1. Тур эца гIертачу турфирмин сий-лараме хьажа. Бевзачаьрга хатта, интернет чохь яздечуьнга а хьажа. Зийна йолу компанеш туризман рынкехь масех шарахь болх беш хуьлу. Новкъа хир дац турфирмин хьокъехь Нохчийн Республикин туризман гIуллакхашкахула йолчу министерствон белхахошка хаттар а.

2. Турфирме телефон тоха: церан белхахошца къамел дечу хенахь йовза таро ю фирма. Ахь деллачу хаттаршна кхачам боллуш жоьпаш луш дацахь, хаа ду фирма керла хилар я тIаьхьалонна тешам боцуш хилар.

3. Къастае терминологи. Туроператор – иза туристийн хьашташ кхочушдеш, шен турпродукт кхуллуш йолу компани ю. Турагент – иза туроператоро кхоьллина йолу турпродукт юхкуш йолу фирма ю.

4. Туроператорийн реестрехь талла компани. «Ростуризман» сайта тIехь йолчу туроператорийн реестрехь ахь хаьржина компани яцахь, хаа ду, иза харцончийн тоба хилар.

5. Талла турагенствийн реестр.

6. Турагентан бакъо ю агентски сетийн дакъа хила. Иза менеджере ца хоттуш ма дита. Агентски сетийн дакъа хилар – турагент зийна хиларан тоьшалла ду.

7. Турагентан я туроператоран офисе кхаьчча, тидам бе чуьрчу хьолан. Интерьере хьажжина мах хадо мегаш ду компанин. Цул сов, гучахь кхозуш хила дезаш ду компанин лицензин а, кхидолу а кехаташ. Нагахь санна уьш гучахь кхозуш дацахь, клиентан дехарца уьш гайта декхарийлахь бу компанин менеджерш.

8. Мехашна – къаьсттина тидам. Къаьсттина тидам бе мехашна. Нагахь санна уьш тIех лахара делахь, хаа ду, иза лаа цахилар. «Турбарометран» гIоьнца муьлххачу а махкахь садаIаран юккъера мехаш довза таро ю.

9. Туристийн хьашташ кхочушдарна бина барт беша. Шайн декхарш кхачам боллуш кхочушдечу компанеша шаьш дийцинарг кехатан бартана тIехь а билгалдоккху.

10. Лотерейшца къаьсттина тидаме хила. Тешам боцучу турагенташа къаьсттина дукха бахархой Iехабо тайп-тайпанчу лотерейн гIоьнца. Кхузахь уггаре а атта дерг – турагенташкара йолчу цхьана а лотерейна реза цахилар.

И.АДАМОВ
№12, чиллин (февраль) беттан 14 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: