Нохчийчоьнан куьйгалло хаддаза боккха тидам тIебохуьйту регионехь белхазалла лахъярна. Оцу 1алашонца кхуллуш ю керла белхан меттигаш, бахархой юкъаозабо тайп-тайпанчу программашна. И бахьана долуш таро хилла дIабаьллачу шийтта баттахь бан болх боцчеран барам 17 эзар сов стагана я 13 процентана лахбан.
– Республикехь белхазалла лахъярна т1ехьажийна боккха болх дIахьо. ХIора шарахь дуккха а гIуллакхаш до белхан меттигаш кхолларехь а, йолуш ерш йовзийтарехь а. Бахархой балха дIанисбархьама уьш юкъаийзабо пачхьалкхан программашкахь дакъалацарна, инвестицийн, коммерчески проекташ кхочушъярна, къаьсттина йолу экономически зонаш а, инвестицийн майданаш а яхкарна, – элира Нохчийн Республикин экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министран заместитела Мусаева Умисата.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана декхар дина тIедиллина 2018-гIа шо тIекхочуш белхазалла пхеа проценте кхачор. Иза дуьйцийла йоццуш кхочушдийриг хиларна тоьшалла ду 2015-чу шарахь белхан керла 20535 меттиг йилла билгалдеш хилар.
Оцу декъехь керла таронаш лоьхуш болх беш ю вайн регионера ерриге а министерствош, ведомствош. Царна уьш кара а йо. Цунна тоьшалла лара дог1у лакхахь далийна терахьаш.
С.ВАРАЕВ
еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58