Дешаран дикалла лакхаяккхарх лаьцна дийцира

Чиллин (февраль) беттан 5-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Хь.Ибрагимовн цIарахчу республикин математикин школехь республикин кIоштийн Дешаран урхаллийн куьйгалхошца а, юкъарадешаран учрежденийн директоршца а белхан кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байсултанов Идриса.

Кхеташонехь дийцаре дира Дешаран 2020–2021-чуй шарахь дешархой Пачхьалкхан жамIан аттестацина кечбаран а, республикин юкъарадешаран учрежденешкахь дешаран дикалла лакхаяккхаран а, дешаран учрежденешна юкъайогIучу школийн, гимназийн, лицейн бахаман-техникин хьелаш тодаран а, цигахь хьехархошца кхачояран а гIуллакхаш.

Юкъарадешаран учрежденийн директоршка шайн белхан меттигашкахь нислуш йолу ледарлонош билгалйохуш, уьш дIаяхарна само еш хиларе кхайкхира Байсултанов Идрис.

Цул сов, министра хаийтира массо а хьехархо аттестацих чекхвала везаш хилар а, шайн духарца а, леларца а дешархой а, хьехархой а низам лардеш хила безаш хилар а.

Кхеташонехь дийцира республикин школашкахь нохчийн мотт хьехаран коьртачу лазамех дерш а.

Нохчийн мотт Iалашбар а, иза кхиор а, тIекхуьучу тIаьхьенна ненан мотт марзбар а Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхочушъян леринчу коьртачу Iалашонех цхьаъ хилар билгал а даьккхира.

З.ХИЗРИЕВА
№12, чиллин (февраль) беттан 14 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: