Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаменто дIахьош ю «Масаллин дахар» керла проект. Культурин департаментан кхитIе а долчу дешаран кхиорхошца дIахьош ю иза.

Оцу проектан коьрта Iалашо ю вайн баккхийчу нахаца кегийрхойн цхьаьнакхетарш дIа а хьош, церан дахарх масал а оьцуш, тIекхуьучу къоначу чкъурана къоман Iадаташ, гIиллакхаш довзийтар.
«ХIора кIиранах цхьа де билгал а доккхуш, баккхийчу нехан хIусамашка хьошалгIа дуьгур ду оха бераш. Чохь-арахь дан дезачуьнца гIо-накъосталла деш, баккхийчеран хьехаршка, дийцаршка ладугIуш, шайна довза луучух лаьцна хаттарш деш дIахьур ду цара и де. Нохчийн мотт, культура, Iадаташ, гIиллакхаш, вовшашца хоттаделла хиларх дика кхетар ду бераш, цунах боккха пайда а хир бу царна», – элира Соьлжа-ГIалин Коьртачу библиотекин №11 йолчу филиалан куьйгалхочо, проектан автора Юсупхаджиева Азас.
«Масаллин дахар» проектан рогIера цхьаьнакхетар Веданан кIоштарчу Тевзанахь ехаш йолчу Эстамулова Забрин хIусамехь хилира.
1908-чу шарахь дуьнен чу яьлла ю Забри. Къона йолуш, цIийнда а кхелхина, ша цхьамма, когахIоттийна цо шен пхи доьзалхо. Шен оьмарехь дуккха а диканаш, вуонош гина а, лайна а ю Забри. Делахь а, цкъа а гIиллакхах йоьхна ца гайтина цо ша.
Нохчийн оьздачу зудчун амалца ехачу цуьнан 60 берийн бер а, иштта, церан бераш а ду. Проект вовшахтоьхначара Забри харжар ларамаза дацара.
Йоккхачу стеган кегийрхошка дийца а, хьеха а дуккха а хир дуй хаьара царна. Цуьнан хила а хиллера берашка дийца дуккха а хIуманаш.
Боккхачу ларамца тIеийцира Забрис къона хьеший. Хьаша ларар нохчийн уггаре а коьртачу гIиллакхех цхьаъ ду. Иштта, Забрис, хьеший тIеэцаран гIиллакх довзуьйтуш, дIадолийра цхьаьнакхетар.
Ша дуьйцург гIиллакхашна а, Iадаташна а тидам тIе бохуьйтуш дуьйцура йоккхачу стага. Леррина ладугIуш, го бина Iара бераш. Забрин къамел, кIордор доцуш, маьIне дара.
Ша хьалха а яьлла, берашна довзийтира ков-керт, ша лелош йолу беш. Шен 112 шо делахь а, могашалла дика яра Забрин. Цуьнан къайле а йийцира цо берашна.
– Къинхьегам стеган коьрта гIирс бу, нагахь иза хьанал белахь, муххале а. Стеган коьрта мостагI мало ю. Ас цкъа а ца дехна сагIа, я сан доьзална а ца Iамийна. Стаг къен хиларх эхь дац, сагIадехар ду доккха эхь. Казахстанехь, яхь дIа ца луш, сагIа дехарца шен къомана тIе эхь ца даийта, мацалла белла дукха нохчи. Мел хала киртиг тIехьоьттича а, хьал-бахамах вукъвелча а цхьаъ хила веза нохчи. Куралла, сонталла, писалла нохчичуьнгахь йогIуш яц. Нохчи – къинхетам болуш, гIиллакхе, майра, собаре, комаьрша хила веза. Бакъболу турпалхой, къонахий оцу дикачу амалшца кхиийна бу. Шайн дайн истори йовза еза шуна бераш. Iамийна ца Iаш, гIиллакхаш лело а деза, лардан деза Iадаташ. Цаьрца цхьаьна ларбан беза нохчийн мотт, – бохура Забрис.
Забрин кIанта, Iумара хи тIехь йинчу хьера чу дигира бераш.
Берашна Iумара дийцира хьеро болх муха бо а, цо дама, ахьар муха доккху а. Нохчийн Iер-дахарх а, гIиллакхех а дуккха а керланиг девзира берашна.
ВЕГИЕВА Макка
№12, чиллин (февраль) беттан 14 де, 2020 шо