Даздарийн «Сафия» цIийнехь Нохчийн Республикехь МогашаллаIалашъяран шеран жамIаш дарна лерина суьйре дIаяьхьира.

Даздаршкахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Правительствон Председатель Хучиев Муслим, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГIалас, Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, министерствийн, ведомствийн куьйгалхой, ткъа иштта хьеший: Къоман медицинин талламан институтан директор, профессор Каприн Андрей, Россин могашаллаIалашъяран министерствон коьрта неонатолог, профессор Иванов Дмитрий, ГIалгIайн Республикин могашаллаIалашъяран министр Льянова Зарема.
Даздарийн хьалхарчу декъехь могашаллаIалашъяран шарахь бинчу балхах а, баьхначу кхиамех а лаьцна йоцца видеокийсак гайтира.
Маршаллин дош олуш, къамел динчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира могашаллаIалашъяран шарахь баккхий кхиамаш баьхна хилар.
«Уггаре а коьртаниг – цIий леларан системах нах кхалхар лахделла, онкологин а, туберкулезан а цамгарш хилар а лахделла догIу. Дуьнен чу девлла кегий бераш кхалхар лахделла. Нохчийн Республика Россин регионашлахь хьалхарчу меттехь ю оцу декъехь. Республикин медучрежденешка 500 говзанча балха хIоьттина. СемаIашкахь а, Дарбанхихь а психиатрин яккхий больницаш йина, Соьлжа-ГIалахь №1, 4 йолу больницаш йина. Эна-Хишкан кIоштан коьртачу больницехь администрацин а, поликлиникин а гIишлош йина, Гуьмсерчу кIоштан больницехь – берийн поликлиника. Наркологин диспансерехь реабилитацин туьшан а, берийн №1 йолчу поликлиникин а доккха дакъа дина даьлла. Тишъеллачу поликлиникашна, отделенешна капитальни ремонт йина. Бюджетера доцург 1,1 миллиард соьмана инвестицеш йина. Медицинин гIирсаш эцна 700 млн. соьмана. ТIаьхьарчу 4 шарахь 10-зза алсамбаьлла Россин Федерацин объекташкара вайн республике шайна дарбадайта богIучеран барам. МогашаллаIалашъяр кхиорна йоккха хазна юкъайиллина Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо. Бина болх кIезиг бац, амма тIедогIучу шарахь дан дезарг кхин а дукха ду. Бахархойн хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяккхарехь хир ду кхидIа ден долу гIуллакхаш», – элира Кадыров Рамзана.
МогашаллаIалашъяран министрана Сулейманов Эльханна а, Правительствон Председателан заместительна, автомобилийн некъийн министрана Тумхаджиев Абубакарна а, Соьлжа-ГIалин мэрана Закриев ИбрахIимна а, Культурин министрана Дааев Хож-Баудина а, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министрана Баширов Iусманна а, Курчалойн кIоштан куьйгалхочунна Кадыров Хьамзатана а, ТIехьа-Мартан кIоштан куьйгалхочунна Хучиев Тамерланна а, ткъа иштта тоьллачу лоьрашна а Баркаллин кехаташ делира Республикин Куьйгалхочо.
МогашаллаIалашъяран шо дерзош, тIедеана шо туризман шо хилар тIечIагIдеш, «Ламасталлин догIа» Нохчийн Республикин туризман министре Байтазиев Муслиме дIаделира Кадыров Рамзана.
Декъалдаран дакъа дIадерзийча, концерт хIоттийра республикин тоьллачу хелхаран тобанийн артисташа а, I.Шахбулатовн цIарахчу Пачхьалкхан филармонин солисташа а.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№12, чиллин (февраль) беттан 14 де, 2020 шо