ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIадаьхьира керлачу цIеношна лард юттучу буха даздаран хьолехь капсула йиллар.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Закриев ИбрахIима, Iедалан кхечу векалша.
Керлачу цIенойн комплекс Заводской кIоштарчу Орзамиев Хьамзатан цIарахчу урамехь йийр ю.
Цигахь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Нохчийчоьнан пачхье, шо-шаре даларца, тIеттIа кхуьуш, хазлуш дIахIуттуш хилар а, Соьлжа-ГIала кхиорна тIеттIа алсам инвестицеш юкъайохкуш хилар а.
«Соьлжа-ГIалин мэр а волуш, Закриев ИбрахIима дика болх бина хиларан жамIаш ду уьш. Ца йовззал хийцаелла гIала. Алссам инвесторш а, туристаш а богIу кхуза. Къаьсттина воккхавево иштта хьал ерриге а республикехь хиларо. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIера дIаса ца хьаьвзаш вай хьалхахьа дахаро таро елла вайна республикехь кхерамазалла хилийта а, иза кхиаран некъа тIе яккха а», – элира Р.Кадыровс.
И.Закриевс даггара баркалла элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна шен белхан лаккхара мах хадорна.
Цо билгалдаьккхира керлачу цIенойн комплексо гIала кхин а хазйийриг хилар. Иза ялхитта гIаьтнаш долчу ворхI цIийнах а, шийтта гIаьтнаш долчу ялх цIийнах а лаьтташ хир ю.
№12, чиллин (февраль) беттан 14 де, 2020 шо