Социальни хьашташна – цхьамогIа гIишлош
ГIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдаран а министерствос хIокху шарахь цхьамогIа гIишлош йийр ю социальни хьашташ кхочушдарна лерина. Цуьнца цхьаьна белхаш бийр бу инженерни инфраструктура кхиоран а, некъаш тодаран а дакъошкахь.
«ХIусамаш яр кхиорна гIолацаран» пачхьалкхан программа кхочуш а еш, билгалдеш ду А-Хь.Кадыровн цIарахчу №1 йолчу гимназехь дешаран корпус яр.
Иштта, Теркан кIоштарчу ЧIуьлга-Юьртахь 360 берана меттиг хир йолу берийн кхо беш а, цхьана дийнахь 500 дархо тIеэца аьтто болу берийн поликлиника а йийр ю.
Министерствехь аьлла ма-хиллара, бюджетера йоцу инвестицеш юкъаозорна доккха гIо-накъосталла до «ХIусамаш яр кхиорна гIолацаран» пачхьалкхан программа кхочушъеш хиларо.
ДIадаханчу шарахь министерствос 1 620 дешархочунна меттиг йолу йиъ школа а, 220 берана меттиг йолу шиъ берийн беш а йина, царна тIедогIуш долу некъаш а дехкина, инженерни инфраструктураш а йина. Цу тайпана белхаш бина Соьлжа-ГIалахь а, Гуьмсан кIоштарчу Ойсхарахь а, Невран кIоштарчу Новотерскехь а.
90 чаккхарма гергга некъ тобан тIелаьцна
Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствос 2020-чу шарахь, шайн юкъара йохалла 90 чаккхарма гергга йолу 66 некъ тобийр бу «Некъийн сеть» регионан проект кхочуш а еш. Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместитела, автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара.
«Оцу Iалашоне кхачаран белхаш дIаболор бу Iаьнан шелонаш дIа ма евллинехь. Тодан леринчу некъех дукхахдерш Соьлжа-ГIаларнаш ду. Кхузара 66 некъ тобийр бу. Церан юкъара йохалла 64 километр ю. Кхин а 22,4 километр некъаш регионан кIошташкахь а тодийр ду», – элира цо.
Министра дийцарехь, хIокху шарахь чекхдоккхур ду Соьлжа-ГIаларчу Слободски урамера тIай тодар. Цу тIехь белхаш бар дIахьош ду.
Иштта, билгалдеш ду Ищерски – Оьрза-ГIала, Ищерски – Соьлжа-ГIала, НогIамирзи-Юрт – Лаха-Невре – Правобережни некъашца пхиъ видеокамера хIоттор.
2019-чу шарахь, регионан проект кхочуш а еш, тобина шайн юкъара йохалла 80 километр гергга йолу 54 некъ. Царах 49 некъ Соьлжа-ГIаларниг бу.
Юьртабахаман сурсаташ 4,8 миллион долларна доьхкина
Агропромышленни комплексан сурсаташна экспорт ярехь, Россин субъекташна юкъахь, тоьллачу иттаннах цхьаъ ю Нохчийн Республика. 2019-чу шарахь Нохчийчоьно дозанал арахьа уьш дIадоьхкина Iамаркан 4,8 миллион долларна.
Федеральни таможенин службо бечу хаамашца вайн республикехь кхиийна долу юьртабахаман сурсаташ дIадахьийтина Казахстане, ГIажарийчу, Азербайджане, Узбекистане, Беларусе, Катаре, Бангладеше, Марокко, Хонкара, Чине, Гуьржийчу, ГIиргIизойчу, Украине. Коьртачу декъана жижиган а, шурин а сурсаташ ду уьш.
Нохчийчоьнан юьртан бахаман министран заместитела Усманов Iийсас дийцарехь, дIадаханчу шарахь, цкъа а ца хиллачу кепара, лакхара дара юьртан бахаман сурсаташ кхиор. ХIокху шарахь билгалдеш ду керлачу кхиамашка кхачар.
«Нохчийчуьра дерриге а сурсаташ хьанал а, лаккхара дикалла йолуш а ду. Республикин дозанал арахьа къаьсттина лакхара мах хадабо кхузахь кхиийначу ялтийн культурийн а, ткъа иштта уьстагIийн жижиган а», – бохура I.Усмановс.
Хь.САИДОВ
№12, чиллин (февраль) беттан 14 де, 2020 шо