Кравцов Сергей: Хаза школаш а, исбаьхьа гIишлош а, дешаран тоьлла хьелаш а хилар гуш ду вайна Нохчийн Республикехь

ХIокху деношкахь Нохчийчохь хилира Россин серлонан министр Кравцов Сергей.

Нохчийчоьнан школашкахь долчу хьелашка хьаьжначул тIаьхьа цо элира: «ТIаьхьарчу 6 шарахь Нохчийчохь Пачхьалкхан цхьааллин экзамен кхиамца дIалуш ю. Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца дIаяьхьна «Ас ПКЭ дIалур ю» акци. Экзаменан жамIаш дикка лакхадевлла. 2018-чу шарахь боккха кхиам баьккхира республикин дешаран декъо: Россин шеран хьехархо хилира Ибрагимов Хьамзатан цIарахчу математикин школин хьехархо Динаев Алихан. Ахьмад-Хьаьжин Рамзана куьйгалла а деш, боккха болх дIабаьхьна регионехь. Суна цунна баркалла ала луур ду. Хаза школаш а, исбаьхьа гIишлош а, дешаран тоьлла хьелаш а хилар гуш ду вайна Нохчийн Республикехь. Оха массо а агIор гIо-накъосталла дийр ду республикин куьйгаллина. Вай кхидIа а къахьоьгур ду берийн а, пачхьалкхан а, республикин а дуьхьа».

№13, чиллин (февраль) беттан 18 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: