Цхьанна а къайле ю аьлла ца хета шега хьашт хилар цхьана т1ег1анехь латторхьама шуьйрачу хаамийн г1ирсана коьмарша верасаш а, шега ладуг1уш берш а оьшуш хилар. Цуьнга кхачархьама цунна оьшуш дерг даима а хиламийн тулг1енна т1ехь хилар ду, газетийн аг1онашна а, сайташна а т1ехь г1уллакх шуьйра дийцаре дар, жигара дийцаре ден долу дар-дацарш, шуьйра 1орадахарш. Дика хууш ду Россин газетдешархо Нохчийчуьрчу хиламаша ч1ог1а т1еозош хилар. Кхузара муьлхха а хаам моз т1ехьаькхча санна бу. Цундела лоьху декъазчу журналисташа а, цхьаболчу «бакъонаш ларъярхоша» а рог1ера «г1арадаьлла» керланиг. Дийнна к1иранах либеральни зорбанан г1ирсашна коьрта керланиг хилла лаьтташ ду нохчийн полицейскис ханна шел жима йолу йо1 ялор.
Оцу хиламах лаьцна х1инцале аьлларг дукха ду, шайна юкъахь федеральни чиновникаша аьлларш а долуш. Амма царна юкъахь к1езиг бу либеральни зорбанан журналисткина хетачух теша а тешна, шуьйра д1ахьедарш дале хьалха дийцаре деш долчу г1уллакхан духе кхиа г1оьртинарш.
Вайн шуьйрачу хаамийн цхьаболу г1ирсаш дихкинчуьра хецаделлачу ж1аьлех тарбелла. Цара дерриге а дицдина: шен къилбе-малхбаленца цхьаьна Украина а, махкахь евлла ц1ерш а, санкцеш а, коррупцица доьзна долу г1арадевлла г1уллакхаш а. Ондачу, могашчу боьршачу стага зуда ялор майхь медийни коьрта хилам хилла д1ах1оьттира федеральни шуьйрачу хаамийн г1ирсашна, и г1уллакх хьахорехь ерриге а рекордаш карла а йохуш.
Билггалчу стеган шен дахарна дина дехар доцуш юкъаг1ортарца, экаме г1уллакх шуьйра дийцаре дан юкъадаккхарца Милашинас к1оршаме талхийна шен турпалхочун бакъонаш. Бакъду, оцу темина юкъаг1оьртинчу шайх олуш болчу бакъонаш ларъярхоша хьесапе ца оьцу и бакъдерг. Кхечу 1адаташа, кхечу г1иллакхаша, культуро, церан дахаран васто цхьаболчу комментаторийн кхета таро ца хуьлуьйту тахана шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь даржийнарг нохчийн йо1аца доьзна а доцуш, ткъа шайх «светская львица» олуш болчаьрца алссам дог1ург хиларх. Амма журналисташа данне а хьесапе ца оьцура йоь1ан сий-ларамах дерг, цуьнан кхоллам муха хир бу бохург.
Нохчийн полицейскис зуда ялор либеральни зорбанехь коьрта керланиг хилла муха д1ах1оьттина бохург дийцарал хьалха билгалдаккха дог1у, т1аьхьарчу хенахь ишттачу зорбанехь нохчийн тематика йоккхачу жигараллица йийцаре еш хилар. Цхьа а тайпа шеко йоцуш хууш ду мох муьлхачу аг1орхьара схьахьоькху, тохар даран иралла билггал хьанна т1ехьажийна ю бохург. Заказ йина, иза кхочушъян еза.
Нажи-Юьртарчу РОВД-н куьйгалхочо зуда ялорца доьзна яьккхина г1овг1а т1аьхьарчу хенахь вай дуккхазза а тешаш хиллачу питанийн цхьа дакъа ду. Питана даржо х1ума ца хилча, иза кхолла йиш ю яьссачу меттехь а. Иза дан а дина пхоьалг1ачу колоннин г1оьнца, пийлан барамашка кхаччалц иза деста а деш.
И г1уллакх, т1етт1а «керланаш» юкъадалош, дийцаре дора, хеталора, дийца дерг дерриге а литтинчул т1аьхьа а. Цхьана баттахь гергга дижа ца дуьту «керланиг»: ловзар а чекхдаьлла, г1уллакх шен хорша дирзина, х1етте а синтем байна бу нохчийн зударийн бакъонаш «ларъярхой».
Оцу мог1арера ду юха а бевзаш боцчу «российски нуьцкъаллин белхахоша» шех лаьцна дерг «нохчийн нуьцкъаллин белхахой» хилла хиларан а хьокъехь евзаш йолчу Милашинас дина д1ахьедар а. Ур-аттал цу т1ехь а го тхуна Россин МВД-н бакъонаш ларъяран органийн белхахошна юкъахь тешам цахилар кхолла г1ертар.
Шалгоца хи т1ехь яздаран практика ю шуьйрачу хаамийн «Новая газета», «Эхо Москвы», «Кавказский узел» г1ирсаша шайн балха т1ехь пайдаоьцуш ерг. Билггал бакъдерш а, я ц1ерш а яц. Бакъе ма-хиллара, ишттачу мотт-эладиттанех, бохура-аларех вовшахтоьхна ю оцу г1ирсийн журналистийн материалаш. Иштта ю церан политика – Нохчийчуьра вуониг бен ца яздар! Олуш ма-хиллара, ахча лучо яздан дезарг билгал а доккху. Ткъа ахча луш верг гуш ву Милашинан масална т1ехь. Дукха хан йоццуш США-н Госдепартаментан леррина долу совг1ат д1аделира цунна президентан х1усамнанас госпожа Обамас. Иштта совг1ат муьлх-муьлхачунна а луш дац, цо билггалчу г1уллакхашна декхарийлахь во…
Догг1учуьра, Милашинас дийцарехь, Дагестанан дозане кхаччалц цунна «т1аьхьа оьхуш» хиллачарах лаьцна. Кхузахь шашаха дагадаьхкира цхьана хенахь Нохчийчу веана хиллачу оьрсийн националиста Демушкина аьлла дешнаш: нагахь Нохчийчохь цуьнан машенан чкъург иккхинехь, цунах лаьцна ч1ог1а дестийна дуьйцур дара Россин шуьйрачу хаамийн берриге а г1ирсаша. Нагахь Милашинас ма-баххара, Дагестанан дозане кхаччалц т1аьхьа х1оьттина иштта «нах» хиллехь а, схьахетарехь, «г1араяьлла» журналистка хила тарлучу ишттачу «хиламех» ларъеш хилла хир ду. Иза Нохчийчохь командировкехь юьйла хууш йоккхачу чехкаллица йог1уш йолчу машенан чкъург оьккхийла лууш берш а ма-бара…
Украинехь болчу хиламашца доьзна Росси хаамийн г1ирсаша нуьцкъала т1елатар даран объект хилла д1ах1оттар къайле яц. Амма мог1арерчу адамашкахь шашаха кхоллалур ду иштта хаттар: х1ун з1е ю зуда ялорна а, Нохчийчоьнан куьйгаллина а, Россина дуьхьал хаамийн г1ирсаша т1ом болорна а юккъехь?
Нагахь нуьцкъаллин органийн белхахочо нохчийн юкъараллехь д1алоцуш йолу меттиг хьесапе ца эцнехь, цхьаьннан а тидам т1ег1ур бацара оцу г1уллакхана. Шуьйра евзаш йолчу издательствоша шайн журналисташ командировке хьовсош а, кхийолу а харжаш йийриг хир яцара. Ларамаза ма дацара шуьйрачу хаамийн либеральни г1ирсаша Гучигов Кадыровна а, Нохчийн Республикин МВД-н куьйгалхочунна а юххехь лаьтташ волуш суьрташ шайн сайташкахь гайтар.
Дерриге а кхето атта ду: Нохчийн Республикехь долу хьал тахана долуш долчуьнца Россина къаьсттина маь1на долуш хилар тидаме а оьцуш, пропагандин машенан коьрта тохар Кадыров Рамзанна дуьхьал хьажийна ду, иштта шайх олуш болчу либералашна иза ца веза цо Нохчийчохь маьрша дахар меттах1отторна. Ткъа Кадыровна тохар дар шен билггал 1алашо йолуш г1уллакх ду – Россин 1едалш г1орасиз дан, Россин халкъашна юкъахь барт эг1о, хиндолчунна хьалха кхерам кхолла г1ортар.
Уьш а, кхидолу а питанаш малхбалечу политикица, Россица долчунна, Украинехь болчу хиламашца, российски оппозицица долчунна т1ехь цуьнан даима а шен ондда позици хиларна шатайпана декъаза бекхам бар санна х1ума ду.
НУХАЖИЕВ НУРДИ,
Нохчийн Республикехь адамийн
бакъонаш ларъяран Векал
еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58